ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

25 шо ду цара хIусамашка сатуьйсу


Нохчийн ГIалгIайчуьра мухIажирш
Нохчийн ГIалгIайчуьра мухIажирш


Материалан автор Пейсахова Анна

Цабевллачу денна ГIалгIайчу дIакхелхина нохчийн мухIажирш шайна догIу компенсацеш даха гIерта 25 шо хан ю.

1994-чу шеран ГIуран-баттахь Нохчийчуьрчу тIамах къаьхкина ГIалгIайчохь дIатарбелла мухIажирш, тахана а чубаха шайн долахь хIусамаш йоцуш, бала хьоьгуш бу. Церан карахь кехаташ доллушехь йохийна хIусамаш юха ца ло царна. Цул совнах, 2015-чу шарахь мухIажирийн низамехь бинчу хийцамаша оцу статусах а, цкъа мацца а хIусам хир ю аьллачу дегайовхонех а баьхна уьш, пачхьалкхо ахчан барамехь цкъа гIо дина аьлла.

Дуьйцург ду, 1998-чу шарахь дефолт хиллачул тIаьхьа хIора доьзална дIакхачийна 120 эзар сом.

"Тхоьгара хIусамаш тхан долахь хиларан документаш дIадаха гIертара оцу лучу ахчана дуьхьал. Оцу гIишлочохь дехаш ду аьлла, яздинчуьра а дIадойуш тхо. ТховкIело йоцуш арахь дуьсуш дар-кх тхо", - дагалоьцу Дзортова Мадинас.

72 шо долу Темирханова Лидия
72 шо долу Темирханова Лидия

ГIалгIайчоьнан арахьарчу зIенийн, къоман политикан, зорбан а, информацин а министраллан зерашца, 1262 доьзална хIинцале хIусамаш дIаекъна. Нохчийчуьра 481 доьзал ладоьгIуш Iа хIинций-хIинций бохуш.

Шайн хIусамех а, бахамах а бевллачу бахархоша шайн ма- хуьллу къийсам латтабора. Дуккхаъчу Iедалан хьукматашкахула лийлира уьш, кехаташ яздеш. Эххар а, гIалгIайн Конституцин кхело цаьргахьа сацамбира.

ДIадахначу шарахь кхело дIакхайкхийра: "Ца бевллачу денна кхалха декхаре хилла хиларан статусах уьш бахар - бахархойн йолчу бакъонашна а, церан маршонна а доза тохар ду. ГIалгIайчохь царна хIусамаш яларна дуьхьал лаьтта новкъарлонаш листаза ю хIинца а, ткъа цара эцна компенсацеш церан йохийначу гIишлойн меха дац, оцу ахчанех керла хIусам эцалур яц" аьлла.

Ишта шен сацамца Конституцин кхело регионерчу парламентана тIедиллина, республикан фондан чоьтах Нохчийчуьра ГIалгIайчу кхин юха а ца боьлхуш, баха бисинчу мухIажиршна хIусамаш яларан хаттар низамашкахь дерзаде аьлла.

Евлоев Рамазан шен доьзалца
Евлоев Рамазан шен доьзалца

Билгалдаккха догIу, зорбан министраллан хаамашца, федералан Iалашонан программица а догIуш, 2010-2016-чу шаре кхаччалц 177 петар ю хьалайина ГIалгIайчохь. Программа дIакъевлинехь а, йина евлла хIусамаш дIасаекъна яц. Оцу юкъанна, шайн лахарчу пенсех а, белхан алапех а лоьцу мухIажирша хене бовла хIусамаш.

Масала, Додова ПетIмат шен доьзалца Экажевехь еха цхьана ледарчу тоьличохь, ткъа Евлоев Рамазан шен хIусамненаца а, кхаа бераца а Плиевехь хIоттийначу вагон чохь хан йоккхуш ву.

ГIуран-беттан тIаьххьарчу деношкахь зорбан министрна Волков Русланна шен белхан грификехь хан ца карийра, шена тIебаьхкинчу мухIажиршка ладогIа.

Додова ПетIмат шен берашца
Додова ПетIмат шен берашца

Кхечу хьаькамо, ГIалгIайчоьнан вице-премьеран гIовса Илезов Михаила тIеийцира мухIажирийн тоба. Церан латкъамашка ла а доьгIна, чIагIо йира цо церан гIуллакхе хьажа. Итт де даьлча Илезовн аппарато хаамбира, мухIажирийн хIусамийн хьокъехь керла сацамбе аьлла, зорбан министраллана тIедиллина шаьш аьлла.

МухIажирийн гIуллакх мича тIегIанехь ду хатта Iалашонца телефон тоьхна "Кавказ.Реалиин" корреспондент Илезовн секретаро цуьнан гIоьнчашна тIехьажийра. Цара еллачу лоьмарца зIене девлча, цхьа сахьт даьлча юха телефон тоха шайга элира. Амма цул тIаьхьа мел горгали хьийзабарх а, жоп луш стаг вацара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG