ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн "Мемориалах" цIетасар тесна дитина



"Эхо Кавказа" порталан авторан Акиев Тимуран материал

Наьсарарчу гIалгIайн "Мемориалан" офисах цIе тесна шо даьлла, амма хIетте а аьтто ца баьлла оцу зуламна бехкенаш гучубаьхна, кхеле хIитто.

Маршо Радион "Эхо Кавказа" сервисо билгалдоккху, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо лаьттинчу Евкуров Юнус-Бека гIуллакх таллар шен куьгакIел латтор ду аьлла, йинчу чIагIоно а пайда ца беара аьлла.

2018-чу шеран Дечкен-беттан 17-чу буса туьтмIаьжгаш йоьхкинчу шина стеган аьтто баьллера, "Мемориал" офисан кор а дохош, хIусамчохь цIе а тесна, къайлавала. Динарг теракт ду аьлла, мах хадийра "Мемориало".

"Интерфакс" агенталлаца хиллачу къамелехь бакъонашларъяран "Мемориал" центран кхеташонан куьйгалхочо Орлов Олега дIахьедира, дуьненаюкъарчу юкъараллан организацин болх сацорхьама дина зулам ду, ткъа иза терроризмна дуьхьало латточу низамехь къасторца теракт ду аьлла.

Ишта бакъонашларъярхоша кхи цхьа верси а Iораяьккхира. Наьсарахь цIетасале масех де хьалха, шен машенахь Куьршалара араволучу Нохчийчуьрчу "Мемориал" офисан куьйгалхочун Титиев Аюбан машенчу наркотикаш а тесна, иза лацарца доьзна ду ГIалгIайчохь дина зулам аьлла.

ГIалгIайн офисан доларчу машенахь Титиевн адвокаташ а, цуьнан белхан накъостий а, журналисташ а баьхкира Нохчийчуьра ГIалгIайчу хилларг къасто.

Аюбан гIуллакхца доьзна цIетесна боху верси тIечIагIйира кхи а ши де даьлча, Дечкен-беттан 22-чу суьйранна Махачкаларчу дагестанхойн "Мемориал" офисан машен ягийча.

Титиевн гIуллакх толлуш дIахьочу талламан барамашкахь дакъалаца цу машенахь веара Куьршала Дагестанера адвокат. Ларамза ягийна машен аьлла, дага ца тасийта санна, Махачкаларчу офисан телефон тIе хаам беара: "Бердйистехула лелаш ду шу. ДIакъовла офис. ТIаккхахула шу чохь долуш цIетосур ю шун офисах. Машен ягорца оха бинарг - хаам бу", - аьлла.

Дечкен-баттахь Нохчийчохь а, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а хилларг вовшашца доьзна хиларх цхьа а шеко яцара, делахь а, талламан органаша бехкзуламан гIуллакхаш "леррина бахам хIаллакбар" аьллачу артиклашкахь бен ца диллира.

Дагестанехь а санна, ГIалгIайчуьрчу талламчаша а элира, оцу гIуллакхийн вовшаца боьзна маша бац, ткъа Титиев Аюбах аьттехьа а хьакхалуш дац аьлла, дIа а хьедеш.

ГIалгIайчоьнан куьйгалло дош делира, офисах цIетасаран гIуллакх толлуш шаьш накъосталла дийр ду аьлла. "Мемориалан" белхахошца хиллачу цхьанакхетарехь, хIетахь регионан урхаллехь хиллачу Евкуровс дира ишта дIахьедар. Цхьана юкъахь билггал терго латтийра цо гIуллакхна тIехь.

Бакъонашларъярхошка Нохчийчу лестар сацаде элира цо, ГIалгIайчоьнал а арахьа церан кхерамзаллех дала жоп дац шен аьлла.

"Офисах цIетасар – цкъа а ца хилла, ирча хIума ду. Цундела хIуъа дина а бехкенаш кара а бина, царна таIзар дан деза. Бакъонашларъярхошна дуьхьал зулам, я зен дар - демократин къамкъаргна а, цивилан къам кхиорна а тIе ког баккхар ду", - аьлла, журналисташка дIахьедар дира Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас.

Бакъду, бехкенаш лохуш къа ца хьийгира. ГIалгIайчуьрчу талламчаша масийттазза юкъахдаьккхира гIуллакх, "бехкенаш карон аьтто ца болу" аьлла.

Дуккха а хIума хийцаделира хIокху тIаьххьарчу шерачохь. Титиев Аюб хан текхна, набахтера аравелира, Соьлжа-гIалара "Мемориалан" офис дIакъовла дийзира, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека шен лааамехь дарж охьадиллира, ткъа ГIалгIайчуьрчу "Мемориало" шайн болх хьалха а санна, кхачам боллуш бан болийра.

Бакъду, Наьсарара офис ягийнарш лаха ка ца яьллехь а, гIалгIайн ФСБ-н белхахошна гIалгIайн "Мемориало" Фейсбукерчу пена тIехь дитина "шога" гIалат карийра. "Роскомнадзоре" арздира цара офисна.

"Мемориалан" ресурсаш тIехь "арахьара агент" аьлла, йина билгало ца хиларна, деккъа арздина ца Iаш, чекисташа диттинчу гIуданийн терахь 4 миллионе 500 эзар соьме хьаладаьлла.

Бакъонашларъярхошна динчу зенийн кхи а цхьа форма ю иза. Дуьсуш дерг ду Мицкевич Адама аьлла дешнаш карладахар: "Темно вшендзе, глухо вшендзе... цо-то бендже... цо-то бендже..."

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG