ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даудов Мохьмад: Нохчийчоь яьлла шен доза тIечIагIдина


Пачхьалкхан Реестрехь, дозанаш билгал а дохуш, тIегIагIдина даьлла Нохчийчуьрчу массо а яртийн, гIаланийн дозанаш, хаамбина Нохчийчоьнан Iедалан кхеташонехь мехкан парламентан спикеро Даудов Мохьмада.

"Официалехь бертан кехаташ а хIиттош, доза къастийна ГIалгIайчоьнца, Къилбаседа ХIирийчоьнца. Барт кечбина Ставропол-махкаца. Дагестанца ду ялх кIоштан доза – уьш а девлла къастийна, Реестре даьхна. Вайн агIор цхьа а проблема яц», - аьлла Даудовс.

Цул совнах, цо бахарехь, вовшашлахь дозанаш къастийна Нохчийчуьрчу 366 юьрто а, гIалано а.

Мехкарчу пхийтте а кIоштан долуш ду шайн дозанаш, уьш махкахь а, луларчу субъекташца а къастош схьабеана болх берриг а чекхбаьлла, билгалдаьккхина Даудовс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG