ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интерполан хилла куьйгалхо кхаьънаш эцарна набахте хьажийна 13,5 шаранна


Мэн Хунвэй кхелан кхеташонехь
Мэн Хунвэй кхелан кхеташонехь


Китайхь кхело, 13 шо 6 бутт хан а тоьхна, набахте хьажийна Интерполан куьйгалхо хилла Мэн Хунвей. Иза бехке вина коррупци лелорна. Цунах лаьцна хаам бо Reuters агенталло.

Дуьненаюкъарчу полицина – Интерполана – 2016-чу шарахь дуьйна куьйгалла деш волу Мэн тIепаза вайра 2018-чу шарахь Гезгмашин-баттахь, Китай вахханчохь. ТIаьхьо цу мехкан Iедалша хаам бира, и стаг лаьцна шаьш кхаьънаш эцарна аьлла.

2019-чу шарахь Лахьанан-баттахь кхелан кхеташо дIахьош Мэн къера хилира ша 2 миллион сов доллар барамехь кхаьънаш эцна хиларна. Китайн коммунистийн партино дIахьедар дира, Iедалхочо пачхьалкхан ахча а дайинера, шен даржах пайда а оьцуш, зуламаш а динера, партин сацамаш кхочуш а ца бинера аьлла.

Хьалхо Мэн партера дIаваьккхира Китайн коммунистйн партин низам талларехула йолчу коьртачу комиссино.

Интерполан куьйгалхо харжале хьалха Мэн вара Китайн юкъараллин кхерамазаллан министран гIовс. Иза вара вуно вевзаш волу а, ницкъ болу а политик.

Мэнан хIусамнана тIера ца йолу, Iедалхо хьийзош ву политикан бахьанашца бохучунна. Иза суьде яьлла Интерполана дуьхьал. Зудчунна хетарехь, и вовшахтохаралла гIорасиз хилла цуьнан доьзал ларбарехь.

Шен хенахь Мэн Хунвэй Интерполан куьйгалхо хIоттор вуно критика ярца тIеийцира адамийн бакъонаш ларйон вовшахтохараллаша. "Дуьненаюкъарчу амнистино" дIахьедар динера Китайн Iедалша пайда эца мега Интерполах, махкал арахьа беха диссиденташ дIалуьйцуш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG