ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Министрийн кабинетна, кхелашна, регионашна цхьа де делла Конституцехь бечу хийцамех хетарг довзийта


Кхаарин де тIехIоттале Оьрсийчоьнан президенто Конституцехь бечу хийцамех лаьцна хIоттийна проект зен а, хетарг довзийта а декхарейина Пачхьалкхан Думин комитеташ, дакъош, Федерацин кхеташо, Лакхара а, Конституцин а кхелаш, Ларамаш бен палата, регионашкара Iедал. И декхар тIедожийнарг ю Думин Кхеташо, хаамбо Iедалан «Ведомости» газето.

Шинарин дийнахь журналисташ хаттар дира президентан Путинан пресс-гIоьнчига, стенца доьзна ду конституцехь хийцамаш беш оццул йоккха сихо эшар. Президентан лаамаш массарел а хьалха кхочуш беш хуьлу, дара Песковс делла жоп.

Путин Владимира кху беттан 15-чу дийнахь, ша Федералан Кхеташоне дIахьедар деш, элира, Конституци юкъа ша хийцамаш балон дагахь хиларх лаьцна. 20-чохь чуелла цо оцу хийцамийн проект. Церан хьалхара ладегIарш Пачхьалкхан Думехь чекхдевлла оршоьтан дийнахь, ткъа шолгIа ладегIарш хир ду тIебогIучу баттахь.

Думера «Цхьаалин Оьрсийчоь», ЛДПР, «Нийсонан Оьрсийчоь» партийн фракцеш кийча ю президентан лаам къобалбан. Компарти цкъачунна къасталуш ю шена хетачуьнца, цуьнан векалша бахарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG