Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира шен омрица дIасахецна Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолу министралла. Цуьнан функцеш дIаелла экономика кхиоран министралле, хаамбина Кремлан пресс-гIоьнчалло, даржийна РИА «Новости» агенталло.
Хьалхо Маршо Радионо хаийтина ма-хиллара, Оьрсийчоьнан Инарла прокуроран дарж дуьтуш волчу Чайка Юрийга Къилбаседа Кавказан федералан гонан куьйгалхочун гIант кховдийна президента.