ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бераха йолчу зудчух бегашца "Приора" олу". Стенах духку Дагестанехь ненан капитал?


"Приора" машен
"Приора" машен

Ненан капиталах Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира аьлларг жигара дийцаредо социалан машанашкарчу Дагестанан пабликашкахь. Дуьххьара дуьненчу даьллачу берана тIера дуьйна капитал дала дагахь бу Iедалхой. 466 эзар сом хир бу цуьнан барам. Ткъа шолгIачу берана 150 эзар сом кхачор ду. КхоалгIачу беро таро лур ю дена а, нанна а 450 эзар соьмаца ипотекан кредит дIакъовла.

Бакъду, дукха хьолахь Дагестанехь деллачу капиталах хIусам ца нисйо, я бере дешийта а ца хьовсу. Республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедарехь, ненан капиталца хьарамлонаш лелор даьржина махкахь.

Махачкалахь нах дIасалелачу меттигашкахь кехаташ ду летийна, шаьш капитал оьцур бохуш, дIакхайкхош. Ишта инстаграмехь а ю йиллина дукха аккаунташ, сертификаташ оьцур дара шаьш аьлла.

Доккхачу декъанна, сертификатца хьарамонаш лелочу хенахь пайдаоьцу чу-ара ца баккхалун бахамах. Масала, лаккхарчу мехах петар оьцуш барт бо юкъахь. Сертификат юхкучун кара лург ду оцу ахчан цхьа дакъа. Оьцучунна бухадуьсу – 100-150 эзар сом. Цкъацкъа кхи а сов кхочу.

Ткъа дукха хьолахь стенна дойу наха ахча? Машенаш оьцу, нускалш даладо, пластикан операцеш йойту, кхи а масане хуьлу.

"Кавказ.Реалии" портало хаьттира масех Дагестанерчу зудчуьнга, шайн ненан капиталах хIу дира аша аьлла.

Патина, 42 шо:

– Ненан капитал дала долийча (2007 шо- ред), тхан доьзалехь диъ бер долуш дара. ЦIийндеца дага а яьлла, пхоьалгIа бер дуьненчу даккха бартхилира тхан, ахча луш а хилча. КIант дуьненчу велира тхан. Деллачу капиталах хIусамдена "Приора" машен ийцира. Юртахь дуккхаъчара изза ма до. Забарш еш, бераха болчу зударех "Приора" олу. И луш долу ахча бахьана долуш, тхан юьртахь дуккха а доьзалш бу, берашна юкъахь 10-15 шераш хенаш йолуш.

Альбина, 36 шо:

– Ас сайн мара тобайтира, цергаш нисйира. Доллу ахча ца дайира ас оцу гIуллакхашна. БIаьрга бан безаш ца хилла сайн мара дIанисбира ас. Майрачо яппарш йора, оьгIазвахна, шена мегаш бара и мара бохуш. Суна бен-башха дацара. Дисинчу ахчанах лелийна машен ийцира оха.

Марьям, 32 шо:

– Дукха ойланаш йира оха, цу ахчанах хIун дийр дара-те бохуш. Ипотека эцча хIун дара-те олий, ойла а хуьлура. Делахь а, тхо бусулбанаш ду, динехь банкера ахчанаш эцар хьарам лору. Дешарна хьажийча? Кхана хIу хир ду а ца хууш зама ю, хIокху хьелашкахь хиндолчун ойланаш яр лартIахь хIума дацара. Сертификат дIа а доьхкина, кхи а тхайн карахь хилла ахча тIетоьхна, петар ийцира оха. Тхан хIусам йолуш яра тхайна чохь Iен, цундела керла эцначу петарна мехах нах чубитина оха.

Сабина, 28 шо:

– Оха пайда хин болу агIо лелийра. Капитал дIа а доьхкина, цунах деллачу ахчанна тхаьш гулдинарг тIе а тоьхна, дерриг а 600 эзар сом дара иза, цIийнда гIалин цхьахйолчу дарбан хIусамерчу дикачу метте балха нисвира. Iаламат дика говзанча ву иза, ткъа тахана аьтто ца хуьлура тхан кхаъ ца луш, иза дIанисван. Лор-йиша балха оьцург а ма деза 300 эзар сом гергга ахча дала.

Меседо, 46 шо:

– Бакъдерг ала деза - ненан капитал бахьана долуш дуьненчу ца даьхна оха тхайн бераш. Делахь а, баркалла ала лаьа суна, и дала юкъадаккхарна. Сан 7 бер ду. 2008-чу шарахь дира ас тIаьххьара бер. Цул тIаьхьа шо даьлча кхелхира сан майра. Бераш кога-ирахIитто сан сайн дийзира. Капиталах делла ахча шина декъе дийкъира ас: цхьана декъах сайн воккхахволчу кIантана зуда ялийра, шолгIачу декъах сайн зудаберашца а, несаца а йохка юург кечъян хIусам нисйира ас.

Наида, 37 шо:

– Шина хIусамах лаьттачу петарчохь дехара тхо, Iаламат хала дара. Тхайна паргIат даха хIусам нисъян лаам бара тхан юьхьанца. Юха а цIийндеца бартхилла, цунна а, сайна а, доккхахдолчу берана а заьIапхой ду аьлла, пенси даккхийтира аса. Дукха деха ца ийцира оха ахча. Стохка гучу а даьлла, цIийндена догIу пенси сацийна. ХIинца кхоьруш Iаш ду тхо, Iедало хьийза ма дахьара бохуш. Цкъачунна суна а, сан кIантана а догIург хьадина дац цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG