ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла Iедал, шира цIерш. Мила вуьсур ву, ткъа мила дIагIур ву КIайн цIачуьра


Мишустин Михаил а, Путин Владимир а керлачу министрийн кибинетца президентан дуьххьарлера цхьаьнакхетар хилале хьалха
Мишустин Михаил а, Путин Владимир а керлачу министрийн кибинетца президентан дуьххьарлера цхьаьнакхетар хилале хьалха


Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира тIе куьг таIийна Мишустин Михаила коьртехь волчу керлачу Iедалан структурах а, цуьнан хIоттамах а лаьцначу указашна, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Вице-премьераш

Премьеран ву 9 гIовс, царах цхьаъ ву хьалхара вице-преьмер. Иза ву хьалха Оьрсийчоьнан президентан гIоьнча хилла Белоусов Андрей.

Ладаме карладаьлла вице-премьерин цIерш тIехь йолу тептар. Уьш бу хIинца Григоренко Дмитрий (иза ишштта ву Iедалан аппаратан куьйгалхо), Абрамченко Виктория, Оверчук Алексей, Хуснуллин Марат, Чернышенко Дмитрий.

Халха хиллачу Iедалан хIоттамера вице-премьеран даржехь висина Трутнев Юрий а (Генарчу Малхбалера векал), Борисов Юрий а, ткъа иштта Голикова Татьяна а. Вице-премьеран даржахваьлла Силуанов Антон, иза висина финансийн министр.

Iедалера дIабаьхна вице-премьераш Козак Дмитрий а, Мутко Виталий а, Голодец Ольга а, Акимов Максим а, Гордеев Алексей а.

Министраш

Лавров Сергей а, Шойгу Сергей а висина шаьшшина даржашкахь арахьарчу гIуллакхийн министраллан а, ТIеман министраллан а коьртехь.

Лавров Сергей а, Шойгу Сергей а висина шаьшшина даржашкахь
Лавров Сергей а, Шойгу Сергей а висина шаьшшина даржашкахь

Чоьхьарчу гIуллакхийн министр висина Колокольцев Владимир а, Орцаллан министр -- Зиничев Евгений а. Керла юстицин министр хIоттийна вице-премьер хилла волу Чуйченко Константин.

Энономикан министр ву Решетников Максим, Перман мехкан хилла волчу губернатор. Хийцабелла культуран а, дешаран а, могашаллин а министраш. Уьш бу хIинца Любимова Ольга а (культуран министр), Кравцов Сергей а (дешаран министр), ткъа иштта Мурашко Михаил а (могашаллин министр).

Цара хийцина Мединский Владимир а (РБК-но дийцарехь иза президентан гIоьнча хIотто мегаш ву), Васильева Ольга а, Скворцова Вероника а. Колобков Павлан метта Спортан керла министр хIоьттийна Матыцин Олег.

Хийцабелла белхан а (керла министр – Котяков Антон), Iилманан а (Фальков Валерий), зIенан а (Шадаев Максут) министраш. Кхин болу министрш бисина шайн даржашкахь. ДIаяьккхина Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолу министралла.

Мединский Владимиран метта культуран керла министр хIоттийна Любимова Ольга
Мединский Владимиран метта культуран керла министр хIоттийна Любимова Ольга

Кабинетан хьлхара кхеташо

Керлачу министрийн кабинетан хьалхара кхеташо хилла Iедалан цIийнехь. Цигахь вистхуьлуш Путина элира цуьнан хIоттам "баланс хIоттийна" бу аьлла, хьалха Медведев Дмитрийн кибинетехь хилла цхьамогIа министрш бисина хилар а, амма дуккха а керла министрш баьхкина хилар а билгал а доккхуш. Керлачу кабинетан коьрта декхарш ду къоман проекташ кхочушъяр а, бахархойн дахаран тIегIа хьаладаккхар а элира Путина.

  • Медведевн Iедал дIаделира кху беттан 15-хь, Конституцина тIехь хийцамаш бар кечдеш хиларх лаьцна Путина хаам бинчул тIаьхьа. Медведев хIоттийна Кхерамазаллин Кхеташонан гIантден гIоьнчан дарже.

Мила мила ву

Керлачу вице-премьерийн а, министрийн а мессара а цIераш яц баш евзаш. Iедалан керлачу декъашхойх уггар вевзаш верг ву ала мегар ду Москох гIишлойн комплексехула вице-мэр хилла Хуснуллин Марат.

Керла хьалхара вице-премьер Белоусов Андрей экономист ву. Иза министр хилла ву экономика кхиарехула, ткъа 2013-чу шарахь дуьйна иза вара Путинан гIоьнча. Белоусов ву "Роснефть" компанин директорийн кхеташонан гIантда хилла.

Керла вице-премьераш Оверчук Алексей а, Григоренко Дмитрий а Федералан ял яккхаран сервисехь Мишустин Михаилца болх бина бу, ткъа Абраменко Виктория хилла Росреестран куьйгалхо. Кхин цхьа вице-премьер Чернышенко Дмитрий хилла ву Сочехь Олимпиада вовшахтухуш хиллачу комитетан куьйгалхо.

Керла культуран министр Любимова Ольга яра культуран министраллехь кинон департаментан куьйгалхо. Иза ю "Путь Патриарха" а, "Никита Михалков" а санна йолчу документалан фильмийн автор.

Экономикан министр Решетников болх бина ву Москван Iедалехь, Перман мехкан куьйгалхо хIоттийра иза 2017-чу шарахь. Керла спортан министр Матыцин Олег ву Студентийн дуьненаюкъарчу федерацин президент хилла.

Iилманан керла министр Фальков Валерий ву Тюменерчу пачхьалкхан университетан ректор хилла. Керла дешаран министр Кравцов Сергей вара Рособрнадзоран куьйгалхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG