ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь инарла-губернатор хийцарх лаьцна шайна хетарг аьлла Кадыровс а, Васильевс а


Президента Путин Владимира Къилбаседа Кавказан федералан гонан коьрта дарж Инарла прокурор лаьттинчу Чайка Юрийга кховдор дика ду, хаарш а, зеделларг а долу стаг пайде хир ву регионна, аьлла Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира.

"Юрий Яковлевич 14 шарахь гергга Iийна Инарла прокурор, цунна дика девза пачхьалкхера хьал, экономика, дахар, кхерамзаллах дерг. Цундела цо кхуллур ду нехан дахар тоден хьелаш, аьтто бийр бу Iалашонаш кхочушъян», - мах хадийна Чайкин Васильевс, боху ТАСС агенталло.

Къилбаседа Кавказан гонан олалла охьадуьллуш волчу Матовников Александра доккха гIуллакх дина Нохчийчоьнан экономика кхиорехь, яздина шен ВКонтакте машанерчу агIонтIехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

«Президентан Къилбаседа Кавказера векал, Оьрсийчоьнан Турпалхо Матовников кхечу балха дехьаволуш ву. …Цо къоргга толлура, кхетайора, къастайора белхан коьрта Iалашонаш. Цунна бен а дац, суна гарехь, шега хIун дарж кхочу, коьрта ду вайн халкъан лидеран Путин Владимиран тобанехь хилар», - боху Кадыровс.

68 шо долчу Чайка Юрийга Къилбаседа Кавказерчу шен векалан дарж кховдийна Путина, хаамбина шинарийдийнахь президентан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс. Официалехь гучудалаза ду Чайка керлачу дарже хIоттош долу омра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG