ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Калуга-махкахь хан тоьхна машенца ларамза стаг вийначу нохчочунна


Калуга-мехкарчу Жуковски кIоштан кхело, машенца низам а дохош, ша эккхийтинчу некъахьовзамехь ларамза стаг верна хан тоьхна 45 шо долчу нохчочунна. 1,5 шо токхур ду цо набахтехь, цул тIаьхьа машен лелор дихкина цунна шина шарна, хаамбо регионан прокуратуро.

«Москва-Малоярославец-Рославль» некъа воьдуш, стохка гурахь, Жуковски кIошта кхаьчча, светофорехь лаьттачу машенна тIетоьхна цо шегара кир лелош йолу машен. Цхьа стаг вийна, шинна чевнаш йина», - боху пресс-релизо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG