ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадырова Айманина «Къудсан седа» белла Палестинин къоман администрацин президента


Нохчийчоьнан администраторан нанна Кадырова Айманина «Къудсан седа» олу шайн мехкан лаккхара совгIат делла Палестинин къоман администрацин президента Iаббас Махьмуда, яздо «Грозный информ» агенталло.

Iаьрбийн мехкашкахь Нохчийчоьнан векал волчу Даудов Туркоца кхаарийдийнахь хиллачу цхьаьнакхетарехь бина и сацам Iаббаса.

Палестинин автономино мехала лору Кадыров Ахьмадан фондо бен болх, ша совгIат шен карара дIалур ду Кадырова Айманига кхушеран бIаьста Оьрсийчу веъча, аьлла цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG