ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Административан хьукматашкахь видеокамерш хIиттор ю Ставрополехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ХIокху материалан автор ву Александр Погожев


Ставрополь гIалин административан хьукматашкахь дIахIиттор ю терго яран видеокамерш. Цу хьокъехь омра делла Ставрополан мэро Джатдоев Андрейс.

Камерш хIиттор ю бахархой тIеоьцучу чоьнашкахь. Царна юкъахь ю урхалла дон компанеш а, диспетчерийн сервисаш а, муниципалитетийн цхьацца урхаллаш а, кхин йолу а цу тайпа вовшахтохараллаш.

Цу кепара шайга эшалур ду аьлла хета администрацехь махкахь даьржина долу Iедалан белхахой бахархошца маьттаза а, дастаме а лелар.

"Наша инициатива" юкъараллин вовшахтохараллан куьйгахо ву Куриленко Александар. Цуьнан масийтта хаттар ду мэро дина хьалхаттарца доьзна. "Цкъа делахь, и идея керла яц. ШолгIа делахь, камерш хIитто техникан база еза. Хьена кисанара ахча дойур ду цу гIуллакхана? И харж бахархойн белшна тIехь юьсур ю. КхоалгIа делахь, хIинцале йолчу камершца къепе хIотто еза", - боху цо.

Фокин Андрей Ставрополерчу юкъараллан жигархо ву. Ша Ставрополан мехкан могашаллин министр волчу вахарх лаьцна, дуьйцу цо.

"Министран кабинетан чохь цуьнца шеца проблемаш йийцаре йир ю аьлла сатесна ваханера со. Амма эххаре а тхайн проблемех лаьцна ас дийцира, и проблемаш кхуллуш болу нах чохь а болуш. Чувахча сайн телефон сайна хьалха стоьла тIе охьайиллира ас.

Гарехь, ас ша дуьйцург дIаяздеш ду аьлла хетаделла, хIора дош дустуш олуш къамел дира цо. Хила а мега камерш Iедалхойн леларна тIеIаткъам бан аьтто болуш. Амма кхаьънех лаьцна долчух аьлча уьш кабинеташкахь схьаэцар сацор ду цара", - боху Фокина.

Ледовской Валерий "Яблоко" партин регионерчу декъан куьйгалхочун гIовс ву. Цунна хетарехь, видеокамерш хIиттор пайдена гIуллакх ду, амма цхьацца хаттарш дуьсу боху цо цу хьокъехь.

"Бакъдолуш, дIаязйина аудио, масала, кхелашкахь дика гIо ду, гIуллакх луьстуш бакъдерг карорехь, къаьсттина юкъараллина мехала долу дов хоттуш. Изза принцип ю Iедалхошца цхьаъ къастош леларг а", - боху Ледовскойс.

Амма, цо билгалдаккхарехь, цкъачунна хууш дац цу видеох муха пайда эцалур бу гIуллакх кхеле даьлча я цхьаъ къасто оьшуш хьал хIоьттича.

Ледовскойс дийцарехь, гарехь, камерш дуккха а хир ю. Цаьрга дика болх байта а, цаьрга хьажа нах безар бу.

Уьш муьлш хир бу бохург тергоне эцча дика хир ду. Видеокамараш дIахIиттийначул тIьахьа цара беш болу болх эвсаре бу-бац къасто а дезар ду, амма ша юьхьарлаьцнарг дика гIуллакх ду аьлла хета шена, бохуш вара "Яблоко" партин векал. .

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG