ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гацаев СаьIид. Со вуха вогIур ву…


please wait

No media source currently available

0:00 0:01:52 0:00
Линкана тIе

Гацаев СаьIид

Со вуха вогIур ву…

Со вуха вогIур ву,
Кхана дIавахча а,
Ас хьоьга бийцаза
Биссинчу безамца.
Со вуха вогIур ву,
Ахь со ца вехча а,
ДIабижа ца туьгчу
Хьан деган лазамца.
Со вуха вогIур ву,
Сайн хазчу иллешца,
Iуьйренан бацалахь
Дуьйшучу цу тхишца,
Со вуха вогIур ву
Самукъне виэларца,
Марзонца, йовхонца
ДIа юххе валарца.
Со вуха вогIур ву
Башхачу эшарца,
И сийна зов хилла
Хьуна тIехь хьаьвзар ву,
Юха а, ца Iебаш,
Йовхонца, марзонца
Хьан лерехь, хьан бIаьрехь
Нур хилла ловзур ву.
Хьо езаш дIавахна,
Со виц ца валийта,
Гучура дIаваларх,
Со хьайх хер ца вайта
Хьо йоьлуш, хьо йоьлхуш
Со уллохь хилийта,
Сайн даге хьан бала
Байбеш дIаэцийта.
Со вуха вогIур ву…
Йолучу бIаьстенца
Зезагийн тIам хилла
Бацала ваьржар ву,
Хьан дог а деладеш,
И хаза нур хилла,
ЙогIучу суьйренца
Шовданан зов хилла
Хьан бIаьра хьожур ву.
Со вуха вогIур ву
Сирлачу малхаца,
Гуьйренан дешийца.
Со вуха вогIур ву
Эсалчу махаца,
ГIа – бецан эшарца
Со вуха вогIур ву.
Хоттур ду ас хьоьга:
Хьо муха Iа – еха?
Самукъа долий хьан?
Сахьийзий хьан тIаккха? –
Цхьажимма санчул а
Некъ хилла хьан беха, –
И але, со бахьнехь,
Хан балехь ма яккха.
Хьо ела малхана,
Сел хаза къаьгинчу,
Цу тхишна, бацана,
Серлачу Iуьйренна,
Зезагийн чIагарна
Бацалахь хьаьвзинчу,
Дог Iехош йоьлучу
Зевнечу суьйренна.

Гацаев СаьIид Вина 1938 шарахь Веданахь. Иза поэт, драматург ву. Царех цхьаерш («Бале ваьлла нуц», «Пелхьонаш»). Цуьнан стихаш тIехьдаьхна халкъо дезаш тIеэцна дуккха иллеш ду: «Сан хьоме Нохчийчоь», «Сом хьан варий, Нохчийчоь», «Сийна бIаьсте», «Хьокъаьхьа ловзар», кхиерш композитора Даудов Рамзан, И. Мусхабовс мукъамаш даьхна Темирбулатова Сиржана, Межидов Сахьаба,кхечара дIаолуш долу.

Цуьнан цхьайолу стихаш нохчийн назманийн, узамийн кепехь язийна ю СаIидан. Уггаре евзаш йолчех ю цуьнан ТемирбулатоваСиржана мукъамаш баьхна дIаолуш долу « Алаза дош», «Сан илли», Суна хьо еза», «Лулахо» ,«Сийна бIаьсте».

КХИН А
XS
SM
MD
LG