ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Суицид яржочу нахах Путина «мрази и уроды» алар тайна Кадыровна


«Дахарх къаста луучийн тобанаш» кхуллучу интернетхошна «боьха хIуманаш», «телхина нах» алар президента Путина тидаме эцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, хаамбо РИА "Новости" агенталло.

Суициде кегийрхой кхойкху тобанаш ю аьлча, ша ца тешара, бохура Путина деношкахь къамелдеш, иштачу нахах «мрази и уроды» а олуш. И зулам дIаса ца даржийта школашна кхерамзаллах лаьцна йолу Iаманташ арахеца еза, дешаран программе а яхка еза уьш, хьийхира президента.

Кадыровс шен телеграм-каналехь воккхаверца тIеэцна и къамел, «хаза кхаъ бу, тоьлла некъ бу», боху Путинна гинарг.

"ТIаьххьарчу шерашкахь ерриг а пачхьалкхехула даьржина бераша шаьш-шайн хIаллакдар. Куьйгаш а лоьций, чулелха лекхачу цIеношна тIера, дIовш молу, ирхъохкало. И проблема оха тоххара эцна тидаме, кегийрхошка, спортхошка, Iеламнахе, кхиболчу жигархошка болх бойту. Профилактика, кхетош-кхиор кхидIа а латтор ду», яздина Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG