ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставропол-мехкан губернатор чохь воьду машен бIогIамах кхетта


БIогIамах дIакхетта Ставропол-мехкан губернатор чохь воьду машен

Кхаарин сарахь некъахьовзам хилла Ставропол-мехкан губернаторна Владимиров Владимирна, хаамбина цо ша Instagram-агIонтIехь.

"Ставрополе юхавогIуш вара со, некъахьовзам хилча. Далла бу хастам, массо а дийна висина.Цхьа вац тIех лазийна. Сан машенлелорхочун куьг чуьрадаьлла. Некъан инспекторш бу шайн болх беш. Верийлаш, хьовсуш лелаелаш машенаш, - яздина Владимировс.

ДуьхьалйогIучу машенах ца кхета, Старополерчу Ленинан урамехь бIогIамах тоьхна лелорхочо губернаторан машен.

Губернаторан Range Rover коьрта некъа тIехула йогIуш хилла, цIеххьана, юьстахарчу урамера араяьлла, шена дуьхьал машен нисъелча, чIагIдо интернетехь тешаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG