ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коррупцин барамашца Кени а, Уганда а ю Орсийчоьнах тера


2018-чу шеран хьесапашца дуьстича, дайначу шарахь Оьрсийчоь цхьана тIегIанна лакхаяьлла мехкашкара коррупци гойтучу индексашкахь.

Дуьненаюкъарчу Iедалх йоцчу Transparency International юкъаралло бахарехь, 180 пачхьалкхашлахь 138 меттиг дIалоцу Оьрсийчоьно.

Тахана Iорабаьккхинчу талламо, пачхьалкхийн секторш а зуьйш, довзуьйту коррупцин хьал. Баллаш алсам мел бу а, кIезиг йолуш го коррупци. 100 баллах 28 бу Оьрсийчоьнан. Цунна уллехь ю Доминиканан Республика, Кени, Либери, Мавритани, Папуа-Керла Гвинея, Парагвай, Уганда.

Советан Iедал доьхча кхоллаеллачу пачхьалкхашлахь Оьрсийчоьнал лахахь ю Таджикистан, Туркмени, Узбекистан. Украинехь эшна коррупци стохкачул 5 баллна – 30 балл ю цуьнан. Амма оцу могIарарчу пачхьалкхашлахь уггаре дика хьал ду Эстонехь – шен 74 баллца 19-чу меттехь ю иза.

Рейтинг массерачул а дика ю Данин а, Керлачу Зеландин а – шиненненан а 87 балл. 86 балл кхочу Финляндина. Уггаре йоккха коррупци йолу мехкаш ларало Сомали (9 балл), Къилба Судан (12 балл), Шема (13 балл).

Оьрсийчохь цхьана эшшара лакхара лаьтта коррупци тIаьххьарчу шерашкахь. Iедалехь иза эшон лаам бацарца а, низамийн дуьхьаллатта гIора дацарца а дузу и хьал "Трансперенси Интернешнлан" Оьрсийчуьрчу центран директора Поминов Антона.

Эксперташна хетарехь, Оьрсийчоьно шагбан беза партешна хецна ахча хуьлуьйту некъаш, кепаяло еза депутаташна лобби латто йолу бакъонаш, бизнесхой хербан беза Iедалх.

Шакъастийна хьехам а бу эксперташа Оьрсийчоьнна беш: бахархойн маршонаш алсамъяхар, коррупци Iорайоху жигархой, журналисташ Iалашбар.

ДIадахначу кIиранах Тергамбаран палатин (Счетная палата) куьйгалхочо Кудрин Алексейс бинчу хаамца, коррупцино Оьрсийчоьнна ден зенаш лара деза триллионаш соьмашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG