ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Салам, аьрзуш! Стенга ладоьгIийла ю Чайкера?


Чайка Юрий
Чайка Юрий

ХIокху материалан автор ю Идрисова Барет


Чайка Юрий хIоттош ву Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказан федералан гонехь векал. Хилла волчу инарлин прокуроро дIахьедина ша тидам боцуш дуьтур дац аьлла экстремизмца а, терроризмца а доьзна хаттарш.

Президентца Путин Владимирца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь Чайкас билгалдаьккхира цу хьокъехь ша "хIинцале а ойла" йина хилар.

"Дерриг кхочуш деш оха гIелбийр бац зуламаш дарца боьзна къийсам, уггар хьалха терроризмца а, экстремизмца а, коррупцица а, юкъараллана декриминализаци ярца а боьзна болу", - элира Чайкас.

Хилла инарлин прокурор президентан векалан гIаьнта хаор, цуна белхан меттиг нисъяр санна хIума хета цхьана агIор, ткъа вукха агIор иза Путинан лаам хила а мега, Къибаседа Кавказехь федералан Iедало беш болу Iаткъам чIагIбан гIортаран, аьлла хета политолог волчу Уразаев Эдуардана.

"Шена Чайкина и дарж дIалацар лаккхара статус йисар санна хIума ду. Ткъа и статус цунна оьшуш ю Къилбаседа Кавказехь а цхьана совдегаран проекташ йолчу шен кIентийн бизнес ларъян. Лаккхара статус хиларо аьтто бийр бу цуьнан церан бизнес Iалашъян политикан карзахдалар доладеллачу хьелашкахь, - боху эксперто.

Цунна хетарехь, Чайкел а хьалха хиллачу векалша Матовников Александра а, Белавенцов Сергейс а цу даржехь дIоггара шаьш ца гайтира, шаьш кхеташ хиларна шайн функцеш церемонин чулацам болуш хиларх.

Чайкас Iаткъам бан мега Къилбаседа Кавказерчу ницкъаллин структурашна, хета политикан говзанчана Магомедов Мохьмадана.

"Ницкъаллин структуран куьйгахо хилла а, боккха бахам болуш волу а Чайка – хууш ду цуьнан кIентий кхиаме совдегарш хилар – ницкъ болу Iаткъаман фактор ю. Кхин цхьа ладаме Iаткъаман фактор ю Къилбаседа Кавказехь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цо говза гIортор йо шен Iалашонашна. Суна хетарехь, Чайка хила мега нохчийн лидеран жигараллина дуьхьало еш а, ткъа кхечу агIор иза Iаткъам бан торо йолуш хила мега регионерчу ницкъаллин структурийн блокана", - дуьйцу цо.

"Къилбаседа Кавказан федералан гонехь ницкъаллин структурийн блокана вуно низам цатоьаш хиларан хьелаш а долуш, ткъа наггахь цара лелош дерг низамашца догIуш цахиларан цхьа а доза а доцуш хуьлу, болх боцуш вуьсур вац иза", - боху Магомедовс.

Керла векал хIотторах регионехь цхьа а хIума хийцалур дац бохучух тешна ву Дагестанера "Керла гIуллакх" газетан коьрта редактор Сагитов Хьаьжмурд.

"Политикан а, экономикан а планехь вуно чолхе меттиг лоруш йолчу Кавказе хьажош Iедал ду стаг "даржехь лакхаваккха" оьшуш хьал хIоьттича. Амма Чайкина оьшуш дац цхьа а хьуьнар гайта гIерта. Иза Москвара тергамхо санна хир ву. Шеко а йоцуш, цуьнгахь хаамаш бу Кавказерчу дуккха а политикех лаьцна. Амма цо цу "хаарех" а, "папканех" а прокуратуран куьйгалхо волуш а пайда эцна ца хича, схьайостур юй-те цо уьш керлачу даржехь?", - хоьтту Сагитовс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG