ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аьрзойн марош ца тов кавказхошна


Ортопед, пластикан хирург Кудзаев Казбек
Ортопед, пластикан хирург Кудзаев Казбек

Интервью кечйинарг "Кавказ.Реалиин" корреспондент Скворцов Глеб

ХIирийн хирурго Кудзаев Казбека дуьйцу, кавказхоша йойтучу пластикан операцех.

Дукха хан йоццуш ГIебарта-Балкхаройчохь дуьненчу даьллачу берана операци йинчу Къилба ХIирийчоьнан гоьваьллачу ортопедо, пластикан хирурго Кудзаев Казбека дийцина "Кавказ.Реалии" портале кавказхойн хазаллин индустрехь хуьлучу ледарлонех.

РогIера операци дIайирзинчул тIаьхьа, суьйранна 6 сахьт даьлча хилира тхан къамел.

–​ Казбек, тахана маса операци яра хьан?

– Пхиъ. Йиъ яра сан тахана хила езаш. Нохчийчуьра 28 шо долу кIант вара суна валийна: ког бара цуьнан сеттина, халла лелара иза Iасанашца а. Кхузахь охьавиллинчу цунна маса операци йира, хьала а гIаьттина дIаваха иза, астагI а ца лелхаш. ХIора денна 3-4 операци ян декхар хуьлу со. ДЦП олу цамгар йолу бераш рагI ца ларйойтуш, этIадо оха.

- Дукхахйолу хьан операцеш пластикан хуьлу?

- ХIаъ. Цундела аьтто бу тхан дукхахболчу дархошна маьхза дарбадан, тхешан чоьтах. Я персонална а, я ассистенташна а ур-атталла ца хаьа муьлха пациент маьхза ву, муьлхачух ахча делла.

- Пластикан операцийн тIаьхьало муха нисло? Масала, цхьа 40-50 шо даьлча оцу стагана бале-м йоьрзур яц уьш?

- Нагахь санна, цхьа хан-зама яьлча оцу стагана сингаттаме доьрзуд ду хIара гIуллакх аьлла, сайн цхьа жимма а шеко елахь, ас урс кара ца оьцу. Силиконан импланташа цIе ца йоккху цамгар гучу ца йоккху, я лазарш хила тарло олий, хаам а ца бо. Делахь а, шен пациентна пластикан хирурго тIедуьллу, эхашерачохь цкъа УЗИ яйтар. Нагахь санна, шен могушалла зуьйчу зудчунна некхаца рак хилар 1-чу стадехь хаалахь, цунна дарбадан атта хуьлу.

Пластикак хирург Кудзаев Казбек ву операци еш
Пластикак хирург Кудзаев Казбек ву операци еш

ГIодаюкъ гатъеш цхьа керла методика гучуяьккхина ас лурчаха. Оьрсийчоьнан дуккхаъчу регионашкахь а, Украинехь а, Эрмалойчохь а, Казахстанехь а, Узбекистанехь а, ГIиргIазойчохь а оцу кепехь операцеш ю еш. БIеннашкахь зударшна сан методикано таро елла зIуган санна, юткъа гIодаюкъ хилийтархьама лахара пIендарш дIа ца дахийта. Зене дара и некъаш хьалха.

- ПIендарш дIадахар - адаман доIах цхьалхадаккхар ца хуьлу?

- ХIаъ, жаннаш а, Iонжар а цхьана. Ишта дукхахболчу зударша йойтура цу кепара операцеш хьалха, жимма а ирачу сонах дIакхетахь, жин эккха кхерам бара церан. Оха дозалла до, и методика медицинехь боккха кхиам бу аьлла, тIеэцарна.

Малхбузера чуеана ю адам къондеш йолу а, массо эстетикан а операцеш. Маммопластика а цхьана. Ког дIанисбар, бахбар – и Оьрсийчоьнан профессоран Илизаровн толам бу.

- Кхи стенах кIелхьарбаха безаш хуьлу зударий? Суна хаьа, вазелин диттина, Нохчийчуьра пациенташ а хьуна тIебаьхкинийла.

- Меженаш совсош, цхьа къинхетамза кIедачу дилханах дIаэдина, аптекашкахь духкуш долу вазелин дара иза. Хууш дац, маса стаг ву и харцахьадерг лелош. Медицинаца гIуллакх догIу нах а ма ца хилла уьш лелораш. Ас хаьттича, лулахочо мехий диттира, оха вовшийн деттара бохура.

Цхьана шина шерачохь вазелин новкъа ца хуьлу, цул тIаьхьа моьнаш дуьту цо, буьртигаш санна севсина. Оцу шина шерачохь цхьана йоIа шен доттагIашна а марздина хилла и гIуллакх.

Махачкалахь дIаяьхьначу конференцехь сайн коллегашка кхайкхамбира ас, и проблема ерзор доьхуш. Инзаре вазелин шайн дегIах деттийта дагахь болчаьрга бакъйолу информаци дIакхачае аьлла. Соьлжа-гIалахь а хIоттийра горга стол. Пачхьалкхера говзанчаш а, журналисташ а кхайкхина, дIахаийтира массарна а, и ловзарш мел кхераме ду.

- Косметологаш ду шаьш а бохуш, мух-муха а оцу наха дитина гIалаташ нисдан аьтто хуьлий шун?

- ХIаъ, нисло. Питерерчу сайн белхан накъостца цхьана зудчун шина некхана операци еш воллура со. БукътIера даьккхина дилха некхах а хуттуш, болхбан дийзира тхан. Цу кепара операцеш яйта еана 15 пациент яра.

- Хазаллин индустрина эвсара меттиг лору Къилбаседа Кавказ?

- Къилбаседа Кавказехь 95 гергга пластикан хирург ву тахана, царех 74 Махачкалахь болх беш ву. Гоьяьлла цигахь ринопластика (мара тобар-ред.).

Кавказ – Кавказ ю-кх. Шайн зеделларг а, клиентура а гулъярхьама хIинцца болхбан буьйлалучу хирургаша лаххара мехаш хIиттадо, таро йоцчу нахана гIоьнна. 30-35 эзар соьмах мара нисбайта царна тIеоьху нах. Ткъа Москвахь цу операцех 350 эзар доьху.

- Ткъа Кавказерчу хирургаша муха болх бо?

- Йоккха башхалла ю царна юкъахь. БIе гергга волчу пластикан хирургех теша мегар ду 15-20-х.

- Йина операци юхахьаяла кхерам бу бохург ду и?

- ХIинцца болхбан буьйлалучу хирургийн караболхахь, цатам хила тарло. Ша лор ву аьлла хетарг, кест-кеста конференцешка а, мастер-классашка а лела веза. Ткъа дукхахболчу Кавказерчу лоьраша операцин цхьа кеп кара а ерзайой, массо а оцу кепехь этIаво.

Нагахь санна, доьазза а, пхоьазза а юх-юха цхьа гIалат далийтахь, цхьаъ дан деза. Ринопластика - уггар а экаме операци ю. Зеделларг долчу лоьрашна а цхьана. Айса болхбечу кху 20 шарахь 3500 мерана операци йина ас. 10-12 процент пациенташлахь, аьлча а, иттанна юкъахь шиъ шолгIа а операцин стоьла тIе охьавилла дезаш хуьлу со. Операци кхиаме чекхъялар цхьана хирургах доьзна ца Iаш, оцу пациентан могушаллех а, организмех а, цуьнан эндокринан а, ферментан а системех доьзна а, чов дIаерзарга терра а нисло.

- Нагахь санна, шолгIа а уьрса кIел вилла везаш нислахь, ахча хьан ло цунах шолгIа?

- Сайн пациентех ас айса охьадуьллу ахча. Дукхахболчу хирургаша ахча доккху, я операцин ах мах схьабоьху.

Лоьро ша шена таIзар дан деза, ца дахь, ницкъаллийн структураш тIаьхьаевр ю цунна. Докторна а, пациентна юкъахь адвокат а, прокурор а хIоттар нийса дац. Шен лоьрел а уллора кхи цхьа а хила ца веза пациентан.

- ХIора зудаберана хаза хила лаьа, амма церан массеран а таро яц 200-300 эзар сом ахча дохка тешам болччу хирургна. ХIетте а йорах, амма кхераме операци яйта ойла хьийзачу зудчуьнга ала хIун ду хьан?

- Кхерамечу вариантех пайдаэца мегар дац. Лаахь а, ца лаахь а, хIинцца, катоьхна яйта езаш операци ма яц иза. Цундела жимма собар а дина, тоъал ахча а гулдина, яйтар гIоле ду, шен могушаллина а, шен хотIна а зен а ца дойтуш.

Сайна тIевеанчун карахь тоъал ахча дацахь, мах лахара болчу, амма шайн болх хьанал бечу сайн белхан накъосташна тIехьовсабо ас.

- Дуьненчу йоккхучу заманчохь ханан даьIахк кагйина, ГIебарта-Балкхаройчуьрчу хьан уггар а жимачу пациентан Элинин могушалла муха ю?

- Иза дарбан хIусамера шен цIа йигина, гIоле хуьлуш ю цунна а. Баксанан кIоштарчу дарбан цIийнан акушерна кхеле арздан дагахь дара цуьнан да а, нана а. Ас хийцира церан ойла. Шегара даьллачунна дохковаьлла и лор ишта а сингаттамехь ву аьлла, тешна ву со.

Оцу берана вониг хила лууш цхьа а ма вацара. Керла дуьненчу даьллачу беранан гонах негативе фон хIотто мегар ма дац. Цунна гонах дерриг а диканиг хила деза!

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG