ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пресса: Вуно баккхий бахамаш бу Мишустинан йишин


Деношкахь Оьрсийчоьнан премьер-министр хIоттийначу Мишустин Михаилан 49 шо долчу йишин Стенина Натальин Москвахь а, цунна гонахарчу кIошташкахь а миллиард сом мах болу бахамаш бу, хаамбо «Би-би-си» радионо, Оьрсийчоьнан ялгулъяран урхаллин документаш тоьшаллина а далош.

Москвана юккъерчу Хамовникерчу Ефремовн урамехь, Knightsbridge Private Park олучу хIусамийн куьпахь ю Стенинин 170 квадрат-метрах лаьтта петар. Хьосташа бахарехь, цуьнан мах бу 180 миллион сом гергга. Реестрехь къайлаваьхьина долахо – «Оьрсийчоьнан Федераци» ду цIеран метта яздина.

Цул сов, 2014-чу шарахь дуьйна Agalarov Estate эвлара коттедж а ю Стенина Натальин долахь – Истра гIалина гергарчу Захарово юьртахь ду и цIа а, цунна гонах латта а. И бахам а бу «Оьрсийчоьнан Федерацина» тIеязбина. Делахь а Оьрсийчоьнан йолан урхаллерчу документаша гучудоккху хIусам Стенинин хилар. Оцу цIенна хьалха даьккхина сурт даржийра хьалхо шен "ВКонтакте" агIонехь Стенинин кIанта Михаила. Оцу ков-кертан мах бу 370 миллион сом гергга.

"Открытые медиа" портало хьалхо яздира, Мишустинан доьзалан «Николина гора» олучу кIоштахь ду 1,5 миллион сом мах болу 2,6 гектар латта, аьлла. Оцу лаьттах 1,3 гектар Стенинин ду - Реестро иза хьулдеш делахь а, Мишустин Михаил кортехь Iийначу ял гулъяран урхаллерчу документаша гойту иза. Стенинин оцу бахаман мах бу 350 миллион сом гергга.

«Тверской бульвар» урамехь кхин цхьа бахам а бу Стенина Натальин – партнерашца юкъахь эцна тIекIелдина доккха цIа, бухахь ресторан а йолуш. Зудчун долахь ду цунах 140 миллион гергга соьмах дакъа. 2015-чу шарахь оцу цIенна бухарчу «Недальний Восток» рестранах 25 % а йирзира цуьнан дола, амма ша и ресторан дIакъевлина стохка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG