Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина зуламе хIума ца карийна Кадыровс интернетехула ша сийсазвен нах байа беза аларца. Иштта жоп делла Нижний Новгородерчу KozaPress газетан редакторна Славина Иринина, цо Москва, Инарла прокуратуре, динчу орзанна дуьхьал жоп даийтинчу меттигерчу полицин урхалло.
Ши бутт гергга хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамазана интернетехула шайна хетарг олуш, шена а, шен гонна а критика еш болу нах хIаллакбан догIу, аьлла дина къамел низамца дустар дехнера Славинас.
«Нахана юкъара барт бохош, эладитанаш даржош нах бу, вай уьш, байина а, чубоьхкина а, кхерийна а, совца ца бахь гIуллакх хир дац», - элира хIетахь Кадыровс ша резавоцчу нохчашна.