ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францино "Iожаллин каравала" хьийзош ву ши нохчо


Парижехь Дохиев а, Усманов а дIа ма ло аьлла, хIоттийна митинг
Парижехь Дохиев а, Усманов а дIа ма ло аьлла, хIоттийна митинг

Материалан автор Пейсахова Анна

Ши нохчо Оьрсийчоьне дIавала хьийзош ву Францино. ТIемалошца уьйрашкахь хилла уьш аьлла, дIахьедина Москвано.

Францехь шаьшинна депортаци яран хьокъехь кхелан сацаме ладоьгIуш хан йоккхуш ву ши нохчо: Усманов Сайд-Мохьмад а, Дохиев Мовсар а.

2009-чу шарахь Москвахь теракт кечдеш хилла аьлла, таIзар динчу Озниев Русланна гIо дина ву бохуш, бехкево Усманов. ШолгIаниг - гIаттамхойн могIаршкахь хилла ву аьлла, Интерполон лехамашка велла, кхераме зуламхо санна. Депортацин набахтехь латтош ву Усманов, ткъа Дохиев - Леонерчу набахтехь.

Шина кIентан гергарчара чIагIонаш йо, и шиъ хIуманна а гунахь вац бохуш, ткъа Францерчу нохчийн а, гIалгIайн а диаспораша митингаш хIиттош ю, и шиъ Оьрсийчоьне дIа ма ло бохуш.

Парижерчу Республика олучу майданехь дIаяьхьначу митингехь йовзийтинчу резолюцехь билгалдаьккхина, "даймахкахь къиза Iожалла ю цаьршинга хьоьжуш" аьлла.

Оцу бахьанашца Нохчийчуьра мухIажирш политикан бух тIехь дIабоьхуш бу, цу шинна экстрадици йойла а дац, "Оьрсийчоьнна томанна шаьш шайна бохам баккха хьашт дац" бохуш, дIахьедо митингхоша. Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министре дIакхачийна, шаьш куьйгаш яздина кехат нохчийн юкъараллан "Барт-Маршо" организацин куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.

Масийттазза лаьцна ву Усманов, цул тIаьхьа Валь д'Уазан департаментан префектурано тIедожийра иза шайн пачхьалкхера араваккха аьлла. Оьрсийчохь шен бакъонаш хьоьшур ю аьлла, Усмановс цхьана а кепара тоьшаллаш ца делла шайга боху префекто кхеле чуеллачу искехь. Делахь а, Европан кхело цунна депортаци яран гIуллакх юкъахдаьккхира, кхачам боллуш талла оьшу, мухIажиран позицига ла а доьгIна аьлла.

Цул совнах, Страсбурган кхело хеттарш хIиттадо францхойн хьаькамашна хьалха: Нохчийчохь карарчу хенахь лаьтта ситуаци а, нохчийн мухIажирна тIехь Iазап латтор ду аьлла факт а юьхьар а эцний, дуьненаюкъарчу адвокатийн гIо эшахь, цуьнан таро а хир юй? Гергарчу заманчохь кхелан кхеташо хир йолуш ю.

Усманов Сайд-Мохьмад
Усманов Сайд-Мохьмад

Усмановца зIе таса аьтто белира "Кавказ.Реалиин". Европан кхело Оьрсийчоьне ша дIавала Францина могуьйтур дац аьлла, тешна ву иза. Ишта цхьана а кепара юридикан бух бац боху цо, кхечу пачхьалкха ша дIахьажо а.

2004-чу шарахь дуьйна Европехь вехаш ву ша боху Усмановс. Пачхьалкхо тховкIело а елла шена, лакхарчу доьшийле дIахIотта а аьтто хилла шен, программист хила лаам болуш а ву ша аьлла цо.

Бакъонашларъяран "Гражданское содействие" организацино далийначу тоьшаллаша, Озниевн а, Усмановн а гIуллакх бух боцуш ду.

Колонехь шена тIехь ницкъ бича, шен махкахочунна доцург кхоьллина хила тарло Озниевс боху цара.

Ший а Францерчу Ле-Мон гIалахь вехаш вара, амма вовшашна вевзаш ца хилла. Цхьана дийнахь Стамбуле воьдучу шен доттагIчунна билет оьцуш гIо дина хиллера Усмановс. Шен фирмана оьшу гIирс эца воьду Озниев хиллера иза. Цхьа хан яьлча Москвахь дIалаьцнера иза. Зуламан декъахь хилла аьлла, юкъаозийнера Усманов билет эцар бахьана долуш.

"Депортацин набахтехь масех баттахь латто там бу со. Кхул хьалха кхечу набахтехь хан яьккхина ас. МухIажиран статусех а ваьккхина со префектурано. Набахтехь хан мел яьккхинчу кхечу пачхьалкхийн бахархошна депортаци ян гIерта хIорш. Со бехке вац, оьрсийн къайлахчу сервисийн кехаташ тIехь бехкала воьллина воьллина со", - аьлла Усмановс.

Дохиев Мовсар
Дохиев Мовсар

Дохиев Мовсаран гергарчу стага дийцина "Кавказ.Реалиига", шайн стагна депортаци ян сацам бина баьлла аьлла. Ткъа адвокато чIагIдо, кхелехула иза Iалашван кхи некъаш шайн дисина а дац бохуш. Шена экстрадици яр жимма а дIадахдайтархьама Дохиевс юха а тховкIело ехна Францига.

"Хадархочун болх а беш, Нохчийчохь вехаш вара Мовсар. Масех шо хьалха харцонца Iехийна иза, Шема ваханера. Цигахь долчунна ша тIекхиъча, кхи дIа тIом ца беш, бутт баьллачул тIаьхьа Франци юхавеара иза. ТховкIело а ехнера цо, амма дуьхьало йира Iедалхоша. Оцу юкъанна доьзал а кхоьллира цо. 2016-чу шарахь Оьрсийчоьно дуьненаюкъарчу лехамашка велира иза. 2,5 шо хан а тоьхна, набахте хьажийра Дохиев. Адвокаташна иттаннашкахь эзарнашкахь евро ахчанаш дайина цуьнан доьзало, амма хIетте а аьтто ца баьлла иза кIелхьарваккха", - дийцина Дохиевн гергарчо.

Францин къайлахчу сервисаша кхерамаш тийсина адвокаташна аьлла, хета цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG