ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Динах боьхна» кегийнах «кхетийна» Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана


Хьалха-Мартанарчу полице дIа а гулбина, «махкахь лелочу динах бохарна», меттигерчу кегийнехан юьхь яьхна Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана. Оцу хиламах лаьцна дуьйцу полицин барамаш бовзуьйтучу "ЧП Чечня" паблико.

Министрца къамелдечу кхайкхина кегийнехан дай-наной а. Дов дечу барамехь дакъалаьцна Мартанарчу полицин буьйранчас Бацилов Валида а, кIоштан куьйгалхочо Абдурашидов Валида а, къедас Амерханов Iалус а.

Мехкан куьйгалхочо Кадыровс Нохчийчоь хазъярх, кхиорах, «нохчийн дин» кегийрхоша нийса кхето дезарх а лаьцна кхетош-кхиоран болх дIабаьхьина гулбеллачу хьаькамаша. Дай-наноша дош делла шайн берашца «болхбан», уьш «нийсачу новкъа баха».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG