ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхошна цIа деш 17 миллион лачкъийна ГIалгIайчохь


Мехкан бюджетах полицин белхахошна дечу цIийнан ахчанах цхьа дакъа -17 миллион сом – доладерзорна бехктакхам айбина ГIалгIайчохь, боху ТАСС-о, Оьрсийчоьнан Инарла пркуратурин Къилбаседа Кавказан декъерчу пресс-гIоьнчаллина тIе а тевжаш.

«2018-гIачу, а 2019-чу шерийн пхеа бетта чохь Магасехь 100 петарх долу цIа деш, хьукматан директора а, цуьнца бертахь полицин хьаькамаша а 17 миллион сом сов ахча лачкъор толлуш ду», аьлла прокуратурехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG