ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даймохк (дешархошна лерина дийцар)


Нохчийчоь
Нохчийчоь


Кху деношкахь Нохчийчуьрчу цхьана дешархочо кехат даийтинера Маршо Радион редакце, хьехархочо Даймахках лаьцна эссе (сочинени) язъе аьлла шайга, иза муха язйийр ю ца хууш хиина Iаш ву ша, аьлла.

Муха хир дара и дийцар сайга и и яздан аьлча? Йоца кхо истори.

Даймох. Хьокхаман марзалла

Сайн дахарехь дуьххьара Нохчийчуьра, аравалла маситта бутт а баьккхина, цIавогуш вара со. Аьхкенан тIаьххьара денош дара уьш. Iуьйрана саррралцц цхьана агIор, сарахь сахиллалц кхечу агIор хьоькхуш мох а болуш, уггар лекха дитт кол санна а долуш, вуно шуьйрачу хин йистехь Iуьллучу эвлахь хан а яьккхина, цIавогIучу сан Соьлж-ГIаларчу охьахиинчу кеманан некъаре ваьлча корта хьевзира, Даймехкан ша-тайпа хIаваъ чуоьзча.

Со тхайн кIета кхочучу хенахь садайнера. Машенан корехула арахьоьжуш волчу суна, некъа тIе генаш кхийдош мелачу мохо лестош лаьттачу тхайн урамерчу дитташ тарделлера суна даиман а наьртех тера хетачу сайл баккхийн вежарарех. Бераллехь дуьйна суна хезаш долу тхан кертаца лаьттачу ширачу пхоьнан хари чохь деха чIоб дара, дахаран хан юста дуьйлина сахьт санна, юкъ а юьтуш декаш. ЦӀар-цӀар дечу цаьпцалгаша а, бу-у дечу бухIано а, буьйса юлуш вовше Iодика еш эшарш лоькхучу олхазарша а зевне дора Iалам.

Дерриг и сурт тIечIагIдеш хиллачу цу буса тхан нанас хьалхабиллинчу хIинцца бинчу хьокхаман марзалло хала киртиг тIехIоьттича йовхо луш лелаво со тахана а.

Даймохк. Нохчийн мотт

Шелонах цIийзачу Чиллан-баттахь Сибрех Советан Армехь гIуллакх деш волу со Китай тIелата мегаш ю аьлла, орца даккха веанчу эпсаро сай-бодий къастале, мохь а тоьхна, гIаттийна герз карахь новкъаваьккхира Монголе ваха. Цигахь эрна арахь лаьтташ яра оха тIехь тIом бийр болу техкника.

Иттех де даьлча, Гоби гӀум-арахь гIамаран мох баьлла йист йоцучу аренашкахь тилвелира со сайн накъосташца. Дивизин байракхаш эцна йоьдучу тхан БТР-н бензин а дара чекхдолуш. Тхоьца хилла эпсар вайнера тхан, со коьртаниг а витина, курсант волуш дуьйна шена вевзаш волчу цхьана эпсарца, машена а хиина, сакъера вахханчохь.

Тхуна белла кхача чекхбаьллера. ТIаьххьара йисина минтай олу чIара чохь болу аьчка банка ас яьстина а даьллера ши де. Хьогалло хьийзош дара тхо. Жимма мох гIелбелча, тхайн БТР-н чIургашна гонаха гулйеллачу гIамарх ийна ло дегIан йовхонца дашош хьогалла дIаяккха гIертара тхо.

Дивизин хьаькамашца зIе латто кхузаманахьлера тоьлла техника ю а, инзаре баккхийн аьттонаш болуш ю а аьлла раци еллера тхоьга. Амма цу чохь суна хезаш ерг еккъа "шшшш" боху гIовгIа бен кхин хIумма а дацара, ткъа ас бон кхайкхамаш цхьа а жоп доцуш бисара.

Делахь а, кIар ца луш хьийза йора ас и техника, цхьа а аз хезар дац-те бохуш. Шу тешар дац, цIеххьана декаш сахьт а, цул тIаьхьа адам дистхуьлуш а хезира суна.

Ишттаниг шоьца а хилла хир ду. Хьуна гонаха цхьа а адам дац, эвлана а дукха юьстах ву хьо, амма цIеххьана цхьа аьзнаш хеза хьуна: вистхуьлуш стаг, гIалх бохуш жIаьла, кхуьйкхуш нIаьна. Суна сайн приемника чохь хезнарг бара... нохчийн мотт. Со галволийла дацара, "алё-алё… дIадала, мича гIерта хьо?, uz6pndc аьлла вистхилира цхьа стаг.

Кхета хала дацара суна цунах. Школехь доьшуш волуш дуьйна, нохчаша ма аллара, "алё" олучу нахаца дукха къамелаш дина вара со эфирехь. Uz6pndc яра цу радиоезархочунна генна зIе еш Iедало елла код.

Сихонца суна дуьхьал хIоьттира и сурт. Нохчийчоь, эвла, цу эвлахь буьйда кибирчигех дина цIа, цу чохь йогу аьчкан пеш, пеша хьалха хьокхумаш доттуш йолу хIусамнана, шен приемникана хьалха хиъна Iан стаг, цунна тIегIерта кхачанан хьожа кхетта ловзадаьлла цициг…

ХIа-хIа, ойла йира ас: rхузахь шело а, мацалла а, хьогалла а ловш латтарх гIуллакх хир дац/ БТР хьала а латийна, ягориг чекхяьллалц къилбехьа дIахахкалур ву со аьлла, тIетаIийра ас сайн тIеман машен.

Шина-кхаа сохьтехь некъ бинчул тIаьхьа рогIерчу гух тIехъэккхаш цхьана маьIIаьргонна, кхечу машенах кхетаза а волуш, сацийра ас БТР. Иза яра тхо санна тилаелла, амма саццаза бепиг дар ца сацош лаьтташ йолу тIеман пурни (пекарня)…

Даймокх. Хутал-буц

Кхане муха хир ю ца хуучу дахаран некъаша кхачийра со Вашингтонна гергахь Iуьллучуу Александрия олучу цхьана жимачу гIала. ДIакхаьчначохь нохчийн Iедал ду гуш олу сурт Даймахкаца дустуш. Изза дан хIоьттира со а. ДIасахьажча цу гIалин юккъехь Хулло чуьра лахьийна деанча санна долчу тIулгех бинчу некъах бIаьргкхийтира сан. И некъ цхьанахенахь леррина бина хиллера Британин паччахьан йоI йогIуш ю аьлла.

Амма сан тидам тIебахнарг кхин дара. Иза яра цу тIулгашна юкъахула а, цу ураман йистошкахула а хьалаяьлла буц. Иза яра Даймакахь хIора вайн хIусаман уьйтIахь йолуш йолу хийлаза кертах валале сан мачаш тIунйина а, ченах юьзна а йолу йицлур йоцу хутал-буц…

Иштта минот тIехIоьттинчу хенахь язйина хир ю нохчий Сибрех бахийтинчу хенахь поэто Гадаев Моьхьмад-Салахьа шен "Даймахке сатийсар" цIе йолу байт…

Чурт санна, лаьтта со

ГIум-Азин арахь,

Тянь-Шанан лаьмнашка

бIаьрг тоьхча, кийрахь

Генарчу Даймехкан

сурт хIоттало,

Малхбузе мел хьийжи,

дог Iийжадо.

Малх, буза бегийна,

регIа лахбелча,

Суьйре а, даш санна,

сайна язъелча,

Ойлане дарц даьлла,

со айъавелча,

Даймахка вуссу со,

Язал Жалала *.

Бераллехь хьийзинчу

даккъашка вуссий,

Лаьмнашка, арешка

гIийла бIаьрг кхуссий,

ХIиттинчу бIаьргаш чу

сирла хиш дуссий,

Даймахке хьоьжу со,

Язал Жалала.

Тезетехь техкаш го

вайн бошмаш, хьаннаш,

ГIайгIанех юьзна го

тогIенаш, Iаннаш,

Дайн кешнаш доьхначохь

упханийн аннаш

Хьулдан да воцуш го,

Язал Жалала.

Вай дина ярташ го

тишъелла, гIийла,

Го сирла шовданаш

дай боцуш мийла,

Вайн хьомсар ков-керташ,

каш санна, шийла,

Сов ирча карайо,

Язал Жалала.

ТIаккха со, дог духий,

аьрцнашка волу,

Iийжачу кийрара

мохь-цIогIа долу,

Яьссачу тогIеша

соьца мохь олу,

Iадавой, воьрзу со,

Язал Жалала.

Чурт санна, лаьтта со

ГIум-Азин арахь,

Тянь-Шанан лаьмнашка

бIаьрг кхетча, кийрахь

Генарчу Даймехкан

сурт хIоттало,

Малхбузе мел хьийжи,

дог Iийжадо.

---------------------

* Iаьрбийн маттара "ХIай Сийлаллин Да" (يا ذا الجلال) Сурат ар-Рахьман [55:27]

XS
SM
MD
LG