ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Къуйн эла» Муса Ингуш лаьцна


Гайтаман сурт

48 шо долу «къуйн эла» («вор в законе») лаьцна Несарна уллерчу Аьлти-Юьртахь цIийнах хьовсуш ГIалгIайчуьрчу полисхоша, хаамбо gazetaingush.ru портало.

«Криминалан могIаршкахь лаккхара жигаралла латторна» цIе йолчу Бекхтакхаман кодексан 2I0-чу декъаца бехкево иза.

Иттех шо хьалха герз долахь лелорна лаьцна хилла ву Ингуш. Ткъа «къуйн элин таж» цунна тиллина 20I3-чу шарахь Москвахь. 20I6-чу шарахь кхаа шарна набахте хьажийра иза наркотикаш лелорна. Стохка аьхка аравелира набахтера.

XS
SM
MD
LG