Несарарчу кхело набахтехь яккха диъ шо хан тоьхна Эккажакъонгий-Юьртарчу Альтемиров Хьасанна меттигерчу яхархочуьнгара, цуьнан суьрташ а даржийна, иза нахала цайоккхург ахча доаккхарна.
47 шо долчу Альтемировс а, цуьнца цхьаьна кхин а масех стага а, лелош хилла и зулам, хаамбо, прокуратурин информацина тIе а тевжаш, «Интерфаксо».
Зуламхочо ша зудчуьргара даккхина 800 эзар сом декъна шен гIеранехь, боху агенталло.
Альтемировн 6 бер хилар тидаме а эцна, цунна низамехь догIучу таIзарх лаххара барам къастийна кхело.
"Кавказ.Реалиино" хьалхо хьахийра юьйцучу гIеран кхин декъашхо – 38 шо долу Альтемиров Iиса. Иза ведда, ша полисхоша лаьцна вуьгучу хьелашкахь, лохуш ву хIинца а.