ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIазакхашна йина геноцид дагалецира БуьритIехь


БуьритIе, гIалгIазакхашна репрессеш яр дагалоцуш
БуьритIе, гIалгIазакхашна репрессеш яр дагалоцуш

БуьритIерачу килсехь дагалаьцна гIалгIазакхашна Iедало таIзардина 101 шо дузар.

«Хилларг дицдиначохь хиндерг дац, олу. Цундела хаа еза истори, йовзийта еза иза берашна, берийн берашна, тIаьхьенашна», - элира "Кавказ.Реалиига" Владикавказ станицин куьйгалхойх волчу Климов Виктора.

1919-чу шеран юьххьехь «цIечу комиссаран» Свердлов Якован омрица Къилбаседа Кавказера гIалгIазакхий литтина Советан Iедало, байина, махкахбаьхна иттаннаш эзарнаш. Къилбаседа ХIирийчуьрчу репрессешкахь билггал мел белла гIалгIазакхий хууш дац – цхьаццайолчу хьостанаша бахарехь, хила тарло 70 эзарне кхочуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG