ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вийна карийна Дагестанехь лоьхуш хилла ши стаг


Лаха кхайкхийна хилла 46 долу Окружко Сергей а, 40 шо долу Белокобыльский Виктор а дийна вац, хаамбо Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин пресс-гIоьнчалло.

Кхо кIира гергга хьалха Кривая Балка юьртахь вайна и ши стаг дIавоьллина меттиг карийна полицина.

Зулам динарг хила тарлуш лаьцна ХIинжа-ГIалара 50 шо долу вахархо, бехктакхам айбина цунна дуьхьал.

«Нах байар доьзна хила тарло даьллачу девнца», - боху полисхоша. Цо дийцарехь, вийна шиъ куьг-бехке хила тарлуш волучуьнца малар молуш Iийна бохам хилале.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG