Къилбаседа ХIирийчуьрчу пурстоьпийн «Iаьржачу тептара» язвина махкара 1300 вахархо – стохка ягийначу серлонах ахча дIа ца делла цара хIинца а. Кхечу пачхьалкхашка баха, туристаш хила йиш яц оцу нехан шайна тIехь декхар а долуш.
«Iаьржачу тептара» воккху 30 зар соьмал сов декхар тIехь дерг, хаамбо электросерло юхкучу "Севкавказэнерго" урхаллин пресс-гIоьнчалло. Ницкъаша, пуьрстоьпийн гIоьнца дIалучу декхарна тIекхета 7%, цо бахарехь.
«Декхарш кеп-кепара ду, бIе эзар соьмал сов тIехьарчийнарш а бу», - билгалдоккху пресс-гIоьнчаллин куьйгалхочо Макеев Казбека.
"Севкавказэнерго" урхаллин белхахой а, пурстоьпаш а кест-кеста арабовлу нахера декхарш юхадерзо. Масала, байначу баттахь Алагирерчу цхьана доьзалера ахчан метта дIаяьккхина телевизор а, хIуманаш юьтту машен а.