ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Ирча хелхар дарна» хIирий шена къинтIера баьхна студента-африкахочо


БуьритIехь кху беттан 25-чохь, Оьрсийчоьнан Студентан Де даздеш, ша доьшучу Къилбаседа ХIирийчоьнан университетна хьалха маьттаза хелхар дарна студент-африкахо а, цунна меттигера гIиллакхаш ца хьехна кегийрхой а емалбеш къамелаш даьржира социалан машанашкахь.

Оцу бахьаница, халахетарца, студенто «официалера барам бирзича, цадогIучу кепехь» динчу хелхаран мах хадош, релиз яржийра университетан куьйгалло.

«Оха къестош бац студенташ вовшашлахь. Амма тидаме оьцур ду хилларг. Инцидентан декъашхошца, оцу меттехь хиллачаьрца, видео яьккхинчуьнца, комментареш йинчу кегийрхошца кхето-кхиоран болх дIахьор бу», боху доьшийлин пресс-гIоьнчаллин хаамо.

Студентан Де доьрзучу сарахь Африкерчу студента видео яржийна, шена «къинтIера даккха лаьа дерриг а хIирийн къам ша диначух», шена «ца хаьара ишта лела ца мегий, аьлла. Дош делла хьешо кхин шегара хIирашлахь харцхьа даралург харцхьаниг цадалийта.

Африкахочуьнца «хелхаяьлларг» а яьлла месерджашка. Цо дехна махкахошка шена кIинтIерабовлар, ша тIаьхьа бен ца кхийтира шен хелхар маьттаза дуйла, боху цо. Ша а, африкахо а нахала даьккхичаьрга доьху йоIа, кхидIайолчу хенахь иштаниг нисделча, видео а ца йоккхуш, гIиллакхах воьхнарг нисвар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG