Нохчийчохь вийначу шина вахархочун метта церан вежарий гайтина хилла Оьрсийчоьнан омбудсменна Москалькова Татьянина аьлла, чIагIдо "Новая газетано". Юсупов Шамхан а, Мускиев Махьма а ву аьлла, ши стаг хьалхахIотторо новкъарло йо гIуллакх талла талламчашна, яздо хьостано. Байинчийн метта Iедалхоша тIевалийначу шина вешица цхьанакхетта хилла Москалькова аьлла, хьесап дина журналисташа, оцу цхьанакхетарехь дIаязйинчу видеон бух тIехь.
2017-чу шарахь Нохчийчуьрчу шолгIачу полкан гIишло чохь Iазапаш лелийна, мел лахара а 27 стаг вийна хиларх хаам баржийра "Новая газетано" шен агIонашкахь зорбане яьккхинчу "Это была казнь" артиклехь.
Оьрсийчоьнан омбудсмен Москалькова Татьяна а цхьана еара Нохчийчу, амма цунах а пайда ца белира: вийна аьлла, тептаре язвинчех цхьаъ "дийна" хиллера. Тептарехь тобан эмир ву аьлла, билгалваьккхина Мускиев Махьма хиллера иза. Бакъонашларъярхой тешна бара, омбудсменна дуьхьал валийнарг вийначун ваша ву аьлла.
Кхин а цхьана "вийначун" вашас чIагIдира, шен ваша вийна вац, шен Iожаллех велла ву, даге лазар а иккхина бохуш. Цуьнан каш а цхьана гайтинера цо. Каш даьстина, экспертиза яйта ца хIоьттинера Москалькова.