ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КадыровгIеран цIарах маьждиг а оьшу, Гикалон цIе хийца а лаьа меттигерчу бахархошна


Соьлжа-гIаларчу Октябрскан кIоштарчу Гикалон бахархоша дехар дина мехкан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, шаьш долчохь хьайн дедеден Iадбул-Къадыран цIарх маьждиг дахьара аьлла. "Грозный" телеканало бина цунах хаам.

"Иша цара доьху, Гикалон юьртда лаьттинчу, 2001-чу шарахь вахабисташа, жоьжахатин жIалеша вийначу Алиханов Джамлайн цIе тиллар шаьш дехачу меттигна", - яздо ресурсан Инстаграмерчу пабликехь.

1945-чу шарахь йиллина ю Гикало, Советан заманахь партехь гIуллакх динчу Гикало Николайн цIарах. 1966-чу шарахь Хьалха-Мартанан кIошта юкъа йогIуш хилла Гикало Грозненскан кIоштах дIатуьйхира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG