ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Китайхь даьржинчу коронавирусан унах велларг 80 стаг ву


Китайхь даьржина «коронавирус» ун бахьанехь велларг 80 стаг ву, лазар тIедаьлла кхин а 3 эзар гергга вахархочунна. Царех 460 чолхечу хьолехь ву. Кхин а 6 эзар гергга пациент шеконашца толлуш ву лоьраша. Вирус гучуяьллачу Ухань гIалин Хубэй олучу провинцехь белла дукхахберш.

Дахначу шеран ГIуран-баттахь дуьххьара Уханехь хааелира коронавирусан пневмони. ГIалин базарахь юхкуш хиллачу акхачу дийнатех яьлла и цамгар аьлла, тIечIагIдина Китайн эксперташа. Пачхьалкхан Iедалхоша шайн ма хуьллу къийсам латтабо инфекци ца яржийта.

Кху беттан 26-чохь дуьйна дихкина акхарой йохка, массо а хьайбанаш лелочу фермашкахь карантин кхайкхийна. Шанхайхь а, Гонконгехь а самукъадаккхаран "Диснейленд" паркаш дIакъевлина. Цул совнах, Хубэй провинцин 18 гIалахь 56 миллион вахархо карантинехь латтош ву.

Маршо Радионо яздира, Китайхь даьржина «коронавирус» ун Нохчийчу ца кхачийта гIерта Соьлжа-ГIалара аэропорт – санитараш хьаьвсича бен ца буьту махка чу арахьара хьеший аьлла. Ишта, Нохчийчоьнан могашаллин министралло а бина кечам ун махка кхаьчна меттиг нислахь эша тарлучу сихонна.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG