ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москалькова юха а Нохчийчу яха дагахь ю "байинчийн" гIуллакх талла


Оьрсийн омбудсмен Москалькова Татьяна
Оьрсийн омбудсмен Москалькова Татьяна

Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас юха а талламбийр болуш бу, Нохчийчохь шена байинчийн метта церан вежарий гайтина хилла аьлла, "Новая газетано" оршотдийнахь яржийначу информацин хьокъехь аьлла, хаамбина цуьнан пресс-гIуллакххочо.

"Газетано Iорабаьккхина хаам Iаламат маьIне бу, цундела ша талламбийр бу оцу хаттаран гонах аьлла Москальковас. Ишта зIене елира иза "Новая газетан" журналисташца а, шега материалаш схьакхачае аьлла", - яздина хаамехь. Омбудсменан зорбанчаша дIахьедо, Нохчийчу яхча байинчийн метта церан гергара нах хIиттина шена хьалха аьлла, цхьана а кепара тоьшаллийн материалаш шега кхаьчна яц боху цо аьлла.

"Шо хьалха "Новая газетано" дийцира ша Iехийна аьлла, амма таханалерачу дийне кхаччалц иза бакъхиларх аппарате матераилаш кхаьчна яц", - аьлла "Интерфакс" агенталле оршотдийнахь пресс-гIуллакххоша.

Оршотдийнахь зорбане даьккхина "Новая газетано", Нохчийчохь вийначу шина вахархочун метта церан вежарий гайтина хилла Оьрсийчоьнан омбудсменна Москалькова Татьянина аьлла. Юсупов Шамхан а, Мускиев Махьма а ву шаьшиъ аьлла, ши стаг хьалхахIотторо новкъарло йо гIуллакх талла, яздо хьостано.

2017-чу шарахь Нохчийчуьрчу шолгIачу полкан гIишло чохь Iазапаш лелийна, мел лахара а 27 стаг вийна хиларх хаам баржийра "Новая газетано" шен агIонашкахь зорбане яьккхинчу "Это была казнь" артиклехь.

Оьрсийчоьнан омбудсмен Москалькова Татьяна а цхьана еара Нохчийчу, амма цунах а пайда ца белира: вийна аьлла, тептаре язвинчех цхьаъ "дийна" хиллера. Тептарехь тобан эмир ву аьлла, билгалваьккхина Мускиев Махьма хиллера иза. Бакъонашларъярхой тешна бара, омбудсменна дуьхьал валийнарг вийначун ваша ву аьлла.

Кхин а цхьана "вийначун" вашас чIагIдира, шен ваша вийна вац, шен Iожаллех велла ву, даге лазар а иккхина бохуш. Цуьнан каш а цхьана гайтинера цо. Каш даьстина, экспертиза яйта ца хIоьттинера Москалькова.

Газетан хаамашца, 20I7-чу шарахь Юсупов а, Мускиев а, кхин а 25 нохчо а вийна тIехь къизаллаш лелийначул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG