ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистанехь кема чудеана


ОвхIанистанан Газни провинцехь кема доьхна оршотдийнахь. Провинцин губернатора а, кхиболчу официалан хьаькамаша а дIакхайкхийна хиллачу бохамех. Оцу юкъанна, кеманах а, беллачех а схьахеза хаамаш кеп-кепара бу. Юьхьанца дуьйцура, овхIанхойн Ariana авиакомпанин кема ду, цу чохь 83 пассажир а хилла бохуш. Цунна тIаьххье Герат гIалин аэропортехь дийца долийра, Ariana кема Гератера Дели доьдуш хилла, кеманчохь 110 стаг а хилла аьлла. Авиакомпанис хаамбина, шайн цхьа а кема доьхна дац аьлла.

Иштта хиллачух кхи цхьа верси а лела: тIеман я мохь дIасакхоьхьу кема ду доьхнарг бохуш. Цкъачунна цхьа а информаци тIечIагIйина яц.

Губернатора бахарехь, тIалибаша доладечу дозанашна тIедоьжна кема.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG