ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий къинтIера баьхний Оьрсийчоьно?


Нохчий махкахбахар
Нохчий махкахбахар


Дечкен-беттан 9-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаам бира, нохчашка къинтIера бовлар дехна Кремло 1944-чу шарахь дерриг а къам, гIалгIашца цхьаьна, дохийна Сибрех а, Юккъерчу Азе а дIахьажорна аьлла.

"Кхин а цхьа хIума ду! Оьрсийчоьнан куьйгалло гуш-хезаш даре дина нохчийн халкъана харцонца депортаци йина хилар, къинтIера бовлар дийхира цуьнга", - яздинера Кадыровс "ВКонтакте" социалан машанехь, депортаци йинчу къаьмнашна цIадерза бакъо луш Советан Пачхьалкхан куьйгалло указ арахецна 63 шо кхачарца доьзна.

Амма шаьш хаттар динчу нохчашна дага ца догIу Оьрсийчоьнан Iедалша нисса дIа нохчашка къитIера бовлар дехна хилар, яздо Кавказ.Реалиино.

Халкъ къинтIера даккхарх лаьцна хьахийна дац я 1957-чу шарахь Дечкен-беттан 9-хь арадаьллачу СССР-н Лаккхарчу Кхеташонан Президуман Указехь а, я 1991-чу шарахь Оханан-беттан 26-хь тIеэцначу репрессеш лайначу халкъашна реабилитаци ярх лаьцначу РСФСР-н низамехь а. Оццу хенахь Оьрсийчоьнан Iедалша даре до динарг "зулам" хилар.

Иштта 1957-чу шарахь тIеэцначу документо сацам бина автономи юхаметтахIотто а, цуьнан дозанаш а, административан-территорин дозанаш а билгалдаха а, меттигера болх вовшахтохаран комитет кхолла а, депортацех лаьцна указаш ницкъ боцуш лара а.

Ельцин Бориса тIе куьг таIийначу 1991-чу шеран низамо шен агIор даре до, репрессеш лайначу халкъашца лелийнарг "низамца догIуш доцуш а, зулам" а хилар. Цу низамехь далийна ду хилларг "ницкъ баран а, низамца доцург лелоран а политика" яра аьлла. Низамца а догIуш, адамашна хилла зен меттахIотто дезаш ду ахчанца а, цхьацца гIоленаш ярца а.

Историко Осмаев Iаббаза билгалдаккхарехь, 1944-чу шарахь хилла депортаци емал яр юкъа-кара хеза Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран дIахьедаршкахь. Цо дийцарехь, 2019-чу шарахь ГIуран-баттахь йоккхачу зорбан-конференцехь Путина кхайкхам бира, 1944-чу шарахь хилларг юха хилийта ца деза аьлла. "Цхьанне а диц ца делла иза. Вай хIуъ а хилахь а, иза юха хилийта мегар дац… Иза мехала ду", - бохуш вара Путин.

Францехь вехачу нохчийн адамийн бакъонашларъярхочун Ахъядов Iийсана Оьрсийчоьнан Iедалхойн цу кепара дIахьедарш политикан ловзар хета, ткъа "зулам" дош дукха кIеда ду боху цо департацина мах хадош лело.

"Цхьаболчу гIуллаккхоша, политикаш бу бохучу наха, хилларг бакъонца доцуш а, гIалат а иштта дIа кхин а лору. Амма иза нохчийн халкъ хIаллак дан Iалашо йолуш бина къайлахбарт бара. Кавказера проблемаш кхочуш ян гIерташ ю Оьрсийчоь нохчийн халкъ хIаллак дарца", - боху Ахъядовс, Кавказ.Реалиина ша еллачу комментарехь.

Цо билгалдоккху, Оьрсийчоьно ша а лардеш цахилар шен низам. И документ болх беш дац, бохуш дуьйцу Ахъядовс. "Масала, адамаш тахана а аьтто боцуш ду Нохчийн республикан малхбалехь а, малхбузехь а йолчу шайн ярташка даха ховша. Церан аьтто ца баьлла лаьмнашкахь йолчу шайн ярташка цIаберза а, - уьш цига ца битина Iедалша", - дуьйцу бакъонашларъярхочо.

"Оьрсийчоь пачхьалкх яц, иза импери ю, ткъа империно цкъа а ца лардо цхьа а низам а, барт а. Цо цкъа а даре дийр дац, амма Iехор ду цо (адамаш)", - тешна ву Ахъядов.

Рощин Михаил Оьрсийчуьра историк ву. Iедал кIинтера даларх лаьцна хаттар къовсаме ду, чIагIдо цо.

"Цкъа делахь, хууш дац цуьнан форма муха хила еза, шолгIа делахь, Нохч-ГIалгIайчоь хIинца йоцуш ю, кхоалгIа делахь, Оьрсийчоь нисса дIа жоьпалла тIехь долуш яц депортаци ярна и жоьпалла Советан Iедална тIехь ду", - боху историко.

Нисса дIа доцу халкъ къинтIера даккхар хилла, хIунда аьлча дина зулам, ма дарра аьлча, дIанисдина – адамийн аьтто бина цIадерза. Цул сов, федералан Iедалша дуккхаза а даре дина депортаци гIалат хилар, ткъа хIинца волу Нохчийчоьнан куьйгалхо цу хаттарехь жоьпах кхачам хилла ву. Нагахь халкъ махкахдаккхар бакъдан гIертахь а, иза деш берш официалан Iедалхой бац, дуьйцу цо.

"Даре а дина, халкъаш цIадерзийна Хрущевс. ТIехула тIе территорин компенсаци а йина – нохчашна ши кIошт елла Ставрополан махкара, и кIошташ тахана а ю Нохчийчоьнна юкъахь. Цундела со дIоггара кхеташ вац, хIун кхочушдайта гIерта", - дуьйцу Рощина.

Цхьайолчу меттигашка, ша аьлча Аухан кIошта, нохчий цIаберза аьтто боцуш хиларх лаьцна аьлча, иза меттигера чулацам болу хаттар ду аьлла хета историкана. "Иза хIинца Дагестанца къасто езаш йолу проблема ю, цхьана агIор республикерчу тIегIантIехь къасто еза иза. Москваран Iедал нисса дIа юкъаметтиг йолу дац цуьнца", - боху цу стага.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG