ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров: цхьана а хаамийн гIирсийн ницкъ бац барт эгIо а, бунт гIатто а


Нохчийчоьнан зорбан министр Умаров Джамбулат
Нохчийчоьнан зорбан министр Умаров Джамбулат

Мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна шаржаш ехкина аьлла, 25 стаг дIалаьцна бохуш, хаамийн гIирсашкахь яржийна информаци бакъ яц аьлла зорбан министро Умаров Джамбулата. Социалан машанашкахь нохчийн урхалхочун мозгIаран духарехь кечдина сурт Iорадаьккхира хьалхо.

ТАСС агенталлана ша елла комментари инстаграмехь зорбане яьккхина нохчийн министро. Францехь Людовик XVI-нна йина шаржаш бахьана долуш тIом эккхар а, ишта цу кепарчу коллажца 20-чу бIешерашкахь Оьрсийчохь бахархошлахь ситуаци тIаме ерзарх а дагадоуьйту Умаровс. "Синтем байа гIерта иттех-ткъех стаг низамашкахь хьекъале валор" зене хир дац боху министро, тIейогIучу заманчохь цу кепара провокацеш ца хилийтархьама.

Ишта цо билгалдаьккхина, даим а шо долалучу хенахь карзахбовлуш мостагIий Нохчийчоьнан васт бехдан гIертар. Республикан Iедалхой дIабоьлла цунах.

"Цхьана а хаамийн гIирсийн ницкъ бац барт эгIо а, бунт гIатто а", - аьлла Умаров Джамбулата.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG