ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицехь болх беш воцчунна церан барзакъ лелор дехка дагахь бу


"За безопасность" цIе йолчу боламан жигархоша Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан кхерамзаллан а, коррупцина дуьхьало латточу комитете дехар дина полисхойн барзакъ дохкарна тIехь дозанаш тохахьара аьлла. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахойн духар а доьхна, Оьрсийчохь деш долу зуламаш алсамдевлла аьлла, яздо авторша шайн кехат тIехь. Жигархоша доьху, оьрсийн низамехь полисхойн духар лелорехь хийцамаш бар а, интернет-туьканашкахь маьрша тIеман барзакъ дохкар дехкар а.

Юга.ру хьостано яздира, дIадахначу шарахь Нохчийчохь рейдаш дIаяьхьира маьршачу бахархошлахь полисхойн духарш лелочарна дуьхьал аьлла. Iедалхошна хетарехь, республикан хьешашна а, туристашна а Нохчийчохь дуккха а полисхой а бу, маьI-маьIIехь уьш гарца хьал кхераме ду аьлла а тарлора.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG