Американ Iедалша бакъо ца яла мега, пачхьалкхо кхаба безар болу иммигранташ, "грин карта" а луш, тIеэца
Цхьаьнатоьхначу Шататийн Лаккхарчу кхело оршотан дийнахь некъ баьстина Трамп Доналдан уггар луьрчу иммиграцин иницитивана. ХIинца администрацино низам юкъадаккха мега "грин-картан" программехула иммигранташ тIе ца эца бакъо луш долу, тIейогIучу хенахь пачхьалкхера царна гIо оьшур далахь.
Лаккхарчу кхело, 9-ннах 4 дуьхьал а волуш, къобулдина лахарчу инстанцерчу суьдо бина сацам юхабаккхар доьхуш администрацино дина дехар.
Адамийн бакъонашларъярхоша, уггар хьалха къайн боцчу иммигрантех хьакхалур йолу "токхо таллар" ду боху президентан инициатива. Администрацина гIортор йина 5-а суьдхочо-консерваторо, шайна юкъахь Трампа хIоттийна ши суьдхо а волуш. 4-еа суьдхочо-либерало юхатоьхна администрацин дехар.
Президентан администрацин инициативина латкъам бинера Нью-Йорк а, Коннектикут а, Вермонт а штаташа а, ткъа иштта Нью-Йорк гIалано а, маситта коммерцин йоцчу вовшахтохаралло а.
Лаккхарчу кхелан сацамца а догIуш, керла кеп болх бан йолаяла мегаш ю ерриг а Америкехь, лахарчу инстанцино бина сацам юха ца баьккхина йолу цхьа Иллинойс штат йиссалц.
Американ чоьхьарчу кхерамазаллин министран гIов волчу Кучинелли Кена къобул бина Лаккхарчу кхелан сацам. "Гарехь, Лаккхарчу кхелана къордийна, низам лардечу метта шена хетарг чекхдаккха гIертачу суьдхоша деш долу къоман масштабан дехкарш", - аьлла дIахьедар дина цо.
Дуьйцург ду Америкехь ваха бакъо луш долу «грин-карта» хьанна лур ду бохург. Керлачу политикца а догIуш, иза луш тидаме оьцур ду иммигрантан хан а, дешна хилар а, ингалсан мотт хааран тIегIа а.
И дерриг бухе а диллина, иммиграцин органаша сацам бийр бу пачхьалкхо гӀайгӀа бийр бу я бац, медицинан карта, кхин йолу а гIоленаш лур ю цунна я яц хьокъехь.
Трампан инициативин дуьхьалончаш дIахьедарш до, "грин-карта" даккха коьртачу декъана аьтто хир бац Латинин Америкара а, Африкера а, Азера а таронаш йоцчу иммигрантийн бохуш.