ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн жигархо Саутиева маьршаяккхар тIедожийна "Мемориало"


ГIалгIайн жигархо Саутиева Зарифа
ГIалгIайн жигархо Саутиева Зарифа

ГIалгIайчохь хиллачу протестийн жигархо Саутиева Зарифа маьршаяккхар тIедожина Оьрсийчоьнан Талламан комитетана коммерцица йоьзна йоцчу "Мемориал" организацино. Оьрсийчоьнан а, Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу Талламан комитетийн урхалхойн цIарах яздина ду дахьийтина кехат. Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъарчу дозанех хиллачу бертана дуьхьалбевллачу протестхошлахь яра Саутиева, билгалдоккху авторша.

Стохка аьхка лецира Саутиева Магасехь Зазадоккху-баттахь хIоттийначу митингехь Iедалхойн векалшна дуьхьал ницкъбаьккхина аьлла, бехкейина. "Росгвардин" итт эскархочунна чевнаш йинера хIетахь.

"Мемориало" дIахьедо, митингехь ницкъбина бохуш бехкала йоьллина Саутиева,ткъа ма-дарра аьлча, вовшахтасадаларна дуьхьало еш хилла ю иза аьлла.

Республикерчу динан дайша а, гIалгIайн тайпанийн кхеташоно а Iедалхошна хьалха дехар дина, цунна дуьхьал айдина гIуллакх кIаддар доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG