ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистанехь чудаийтина Iамеркан кема шаьш дохийна аьлла тIалибаша


Оршотдийнахь ОвхIанистанан малхбалерчу Газни провинцехь кема чудоьжнера. Информаци тIечIагIйира провинцин губернатора а. Цо бахарехь, тIалибаша доладечу дозанашкахь доьжна хилла кема. Шинаридийнахь Iорабаьккхинчу хаамца, тIалибийн векало МуджахIид Забихуллас дIахьедира, "Iамеркан кема дохор" боламо шена тIелаьцна аьлла.

"Кема дохийна цу чохь мел хилла команда а, экипаж а, шайлахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн иччархойн коьрта эпсарш а болуш", - аьллачу тIалибийн векалан дешнаш далийна зорбанашкахь. Iамеркан ОвхIанистанерчу тIеман буьйранчан официалан векало, полковнико Легетт Соннис Твиттерехь тIечIагIдина, охьадоьжна кема Iамеркахойн дара аьлла.

"Iамеркан Bombardier E-11A доьхна тахана ОвхIанистанерчу Газни провинцехь", - яздира цо. Легетта бахарехь, кема чударан бахьана хууш дац цкъачунна, я мостагIчо дохийна иза ала цхьа а билгало яц аьлла.

Юьхьанца дуьйцура, овхIанхойн Ariana авиакомпанин кема ду, цу чохь 83 пассажир а хилла бохуш. Цунна тIаьххье Герат гIалин аэропортехь дийца долийра, Ariana кема Гератера Дели доьдуш хилла, кеманчохь 110 стаг а хилла аьлла. Авиакомпанис хаамбира, шайн цхьа а кема доьхна дац аьлла.

Эххар а Flightradar-о хаамбира, доьхнарг Bombardier E-11A ду, шен регистрацин 11-9355 лоьмар тIехь а йолуш аьлла. Iамеркан билгало ю доьхначу кеман даьхначу суьрташ тIехь:

ОвхIанистанан Iедалхоша дIахьедарехь, кема дерриг а даьгна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG