ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гадаев Мохьмад-Салахь. "Суьйре, Iуьйре гIийла йогIу..."



Гадаев Мохьмад-Салахь

* * *
Суьйре, Iуьйре гIийла йогIу,
Буьйсанаш ас шийла йоху,
Дагна везнарг вагIац, боху –
Ас хIун де те, йина нана?

Ас хIун де те, йина нана?
ХIун гур ду те суна кхана?
Маццалц лелар ю те пана?
Безамах ю бала хилла.

Безамах ю бала хилла.
Дог ца догIу шифон тилла,
Кога буха буткъа чилла. –
Сагатделла со ма хьийза.

Сагатделла со ма хьийза.
Кийрахь сан дог гIийла цIийза,
Сан коьрта чохь гIайгIа зийза, –
Дагна везнарг вагIац, боху.

Дагна везнарг вагIац, боху,
Суьйре, Iуьйре гIийла йогIу,
Буьйсанаш ас шийла йоху. –
Ас хIун де те, йина нана?

XS
SM
MD
LG