Нохчийчохь оьрсийн омбудсменна Москалькова Татьянина тоьпаш тоьхначу шиннан вежарий гайтина хилла аьлла, шинаридийнахь "Новая газетано" динчу дIахьедарх вистхилла Нохчийчуьра адамийн бакъонаш Iалашъян векал винчу Нухажиев Нурдис.
"Прокуроран декхарш шена тIе а лаьцна, "Новая газетано" бехкейо нохчийн ницкъаллийн структураш буьрса зуламаш лелорна. Бехкбиллина ца Iаш, цара "йина кхел йоцуш, дIабаьхьна талламаш а боцуш", бехкениг билгалваьккхина", - аьлла Нухажиевс.
Цо бахарехь, "кхелахо а, прокурор а хIоьттинчу авторан артиклан тон апелляци йоцуш ю.
"Кхузахь бакъонна а, бехказаллин презумпцина а меттиг бац. Кхузахь хIуъа дина а къам а, мохк а бехбан гIертар ду, - аьлла хета омбудсменна. "Демократин" хьост ду ша а бохуш, пачхьалкхехь бакъо хилийтархьама къийсам латточу "Новая газетано" шога хьоьшуш ю бакъонан принципаш. Кхелан бен бакъо яц зуламхо дIакхайкхо. Низамийн гурашкахь бен болх бан йиш йоцчу хаамийн гIирсийн цхьанна а бехкаш дахка йиш яц", - аьлла Нухажиевс.
Карладоккху, дахначу оршотдийнахь "Новая газетано" юха а артикл арахийцира, 2017-чу шарахь Москалькова Татьянина хьалха Юсупов Шамхан а, Мускиев Махьма а ву аьлла, хIоттийна ши кIант церан ши ваша хилла аьлла.
Хьостано чIагIдо, 2017-чу шеран Дечкен-баттахь Юсупов а, Мускиев а, кхин а 25 нохчо а тIехь къизаллаш а лелийна, байина аьлла.