ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дахделла ца бевлла мигранташ хиллачу нахана хIусамаш ялар


Магас, деш долу "Кавказан дог" маьждиг
Магас, деш долу "Кавказан дог" маьждиг

ХIокху материалан автор ву Акиев Тимур


ДIадаханчу кIиранах ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас леррина кхеташо дIаяьхьира тIемаш хиларна Нохчийчуьра арабовла дезначу мигрантийн доьзалийн проблемаш хьокъехь, ядо Кавказ.Реалиино. Официалан хаамца, таханлерчу дийнахь церан терахь ду 519.

Ткъех сов шо хьалха цхьацца компенсацеш елла доьзалш а бу царна юкъахь. Делахь а и нах дIанисбарца доьзнарг кхочуш ца деш дисира, делла ахча тоьаш ца хиларна. Амма ца бевлла мигранташ хиларан статус дIаяьлла церан, Iедало гIо дина аьлла, кехаташ кечдина хиларна.

Магасехь кхеташо хиллачул тIаьхьа Калиматовс тIедожийра республикерчу Iедална, цхьа бутт балале цу нахана гIо дан оьшург кечдар.

Оцу кхеташонехь дакъалоцуш яра маситта шо хьалха хIусам йоцуш бисинчу мигрантех лаьтташ йолу леррина тоба а кхоьллиа, шайн дахар дIанисдайта гIерташ аряьлла лелаш йолу Дзортова Мадина а. Цигахь йистхила аьтто а хилира цуьнан. Калиматовс юкъатоха аьлла омра дира Дзортова Iедалша кхоьллинчу комиссина, хIусамаш йоьхучу нахаца нисса дIа зIе хилийта.

ГIалгIайчоьнан хиллачу куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека 2018-чу шарахь комисси кхоьллинера мигрантийн гIишлошца йоьзна проблема хьокъехь. Амма Iедалшкара гIо оьшучу нехан цIерш тIехь йолу тептар кхоллар а бен, кхин гена ца белира цуьнан болх.

Нахана хIусамаш яларна новкъарло йийриг ду, ца бевлла, шайн хIусамаш а юьтуш, мигрантийн дахар хьогучу нахах лаьцна тIеэцна керла низам хилар. 2015-чу шарахь ГIуран-баттахь Пачхьалкхан Думо хийцамаш бира цу низаман тIехь. Цу хийцамашца а догIуш, я компенсаци, я юхалург ссуда. я кхин долу Iедалера гIо хилла нах дIабовла мигрантийн статус йолчарна юкъара. Цьунца цхьаьна дIайолу церан хIусаман сертификат эца йолу бакъо а.

Евкуровс дийцаре динерацу кепара хIоьттина хьал 2018-чу шарахь премьер-министрца Медведев Дмитрийца. Амма кхин хийцам болуш хIума ца хилира цул тIаьхьа.

Низаман тIехь бина и хийцамаш богIуш бац Оьрсийчоьнан Конституцица, боху "Мемориалан" юристо Гадаборщева Хадижас. Амма Iедалхой шаьш сацам беш тIетовжу цу низаманна. Цу кепара и хаттар кхочуш дан дезаш ду федералан тIегIантIехь. Я низаман тIехь бина хийцамаш юхабаха беза, я гIалгIайн Iедалша таронаш лаха еза шайн фондера оьшуш болчарна хIусамаш нисъян.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG