Шемахь тIом сацорна дуьхьало латтайо Оьрсийчоьно аьлла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхалкхан секретаро. Президентан режимна тIетайначу оьрсийн эскарша а, ГIажарийчоьнна муьтIахь йолчу "Хезболла" радикалан тобано а лелориг "къизаллаш" ю аьлла Помпео Майка.
Байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь оьрсийн авиацин гIоьнца Шеман пачхьалкхан эскарша тIелатарш марсадехира Идлиб провинцехь. Шеман оппозицино шайн контролехь латточу Евфрат хинна малхбузера тIаьххьара территори ю иза.
Иттех стаг вийна цхьана кIиранчохь Идлибна деэскалаци йинчу Шемахь. Саццаза герзаш дийларна 350 эзар гергга бахархоша дIатесна шайн хIусамаш. Тохарш до бохуш, шайна дохку бехкаш тIе ца дуьту Москвано а, Димаьшкъас а. ТIемалоша дIалецначу позицешна бен ца етта шаьш аьлла цара.