ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Идлибера йоккха гIала дIалаьцна Асадан эскарша


Оьрсийчоьнан авиацино гIо а деш, Шеман президентан эскарша шинаридийнахь Идлиб провинцера Маарат-эн-Нууман олу йоккха гIала дIалаьцна. Бозуш боцчу тергамчийн хаамашна тIе а тевжаш, яздо цунах лаьцна информацин агенталлаша. Шемарчу хаамийн гIирсаша а цхьана яздо, гIала схьаяккхарх а, ишта кхин а цхьа могIа ярташ караерзорах а.

Идлиб провинцехь яккхий лоручех шолгIа гIала ю Маарат-эн-Нууман. Евфрат хин малхбузехь Шемарчу герзах йоьттинчу оппозицино контрол латтон тIаьххьара территори яра иза.

Кху тIаьххьарчу деношкахь Идлибехь тIетаьIначу пачхьалкхан эскарша провинцин къилбера шуьйра меттиг дIалаьцнера. Кеманца тохарш до оьрсийн авиацино. Оппозицино а, гуманитаран организацеша а чIагIдарехь, иттаннашкахь нах байина оцу тохаршкахь.

Саццаза герзаш дийларна 350 эзар гергга бахархоша дIатесна шайн хIусамаш. Тохарш до бохуш, шайна дохку бехкаш тIе ца дуьту Москвано а, Димаьшкъас а. ТIемалоша дIалецначу позицешна бен ца етта шаьш аьлла цара.

Шемахь тIом сацорна дуьхьало латтайо Оьрсийчоьно аьлла, дIахьедира Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхалкхан секретаро шинаридийнахь. Президентан режимна тIетайначу оьрсийн эскарша а, ГIажарийчоьнна муьтIахь йолчу "Хезболла" радикалан тобано а лелориг "къизаллаш" ю аьлла Помпео Майка.

Тохарш до бохуш, шайна дохку бехкаш тIе ца дуьту Москвано а, Димаьшкъас а. ТIемалоша дIалецначу позицешна бен ца етта шаьш аьлла цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG