ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Депутат Саралиев: Нохчийчохь лардеш ду низамаш а, адамийн бакъонаш а


Думан депутат Саралиев Шамсаил

Шинаридийнахь Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн (ПАСЕ) кхеташонехь Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъеш цахиларх динчу дIахьедаран хьокъехь кхачо йоллуш талламаш бийр бу шаьш аьлла, Нохчийчоьнан цIарах Думехь депутат волчу Саралиев Шамсаила. Цо бахарехь, кхеташонехь цхьана декъехь дийцина Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонашца лаьттачу хьолах.

"Дукха леринчу тергонца оха толлур ду дуьйцу гIуллакхаш, Заздоккху-баттахь жоп а лур ду", - аьлла, шен телеграм-каналехь яздина Саралиевс. Депутато билгалдаьккхина, "Нохчийчохь низамаш а, адамийн бакъонаш а шен барамехь лардеш ду" аьлла.

Депутато бахарехь, ПАСЕн кхеташонехь вистхилла Нохчийчуьра схьаваьлла, Канадехь веха, лечкъа а ца деш, ша гей ву аьлла, дIакхайкхийна жимстаг а, ишта Нохчийчоьнна критика йина аьлла, ницкъбина шена бохуш, латкъамбина блогер а.

"Европехь а, дуьненан кхечу мехкашкахь шайна тховкIело ялийтархьама а, ахчанаш дахархьама цу кепара латкъамаш беш дуьххьара дац. Вайна хууш дерг ду иза, амма ПАСЕ-хь болчарна массарна а ца хаьа. Кхеташоно бечу белхан регламент вай ларъеш ю, цундела хьем ца беш, ситуацех боьлла боцчу Европан тергамчашна вайна евза факташ дIахоуьйтур ю", - аьлла, тIетоьхна Саралиевс.

Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн Къилбаседа Кавказерчу къаьмнийн бакъонашкахула волу векал Швабе Франк стохка Гезгмашин-баттахь хилира Нохчийчохь. Регионерчу ницкъаллийн структурийн векалшца а, бакъонашларъярхошца а, юкъаралхошца а цхьанакхетар хилира цуьнан.

Къилбаседа Кавказехь, ишта Нохчийчохь а цхьана, адамийн бакъонашца долчу хьолах рапорт кечдеш ву Германин парламентхо.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG