ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Министро мекарло йина аьлла, тешна бу бакъонашларъярхой


Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна фотоколлаж йина аьлла, махкара кегийрхой дIалецар бакъ ца дина республикан зорбан министро Умаров Джамбулата.

Амма "синтем байа гIерта иттех-ткъех бунтхо низамашкахь хьекъале валор" зене хир дац цо аларо тIечIагIдо, бахархой билггал лецна хилар аьлла, тешна бу "Мемориалан" кхеташонан декъашхо Орлов Олег а, "Къилбаседа Кавказан ассамблейн" президент Кутаев Руслан а, "Къизаллашна дуьхьалояран Комитетан" куьйгалхо Каляпин Игор а. "Кавказский узел" агенталло яздина царна хетачух

"Кавказ.Реалии" портало дIадахначу кIиранчохь хааме даьккхира, социалан машанашкахь нохчийн урхалхочун мозгIаран духарехь кечдина сурт даржийна аьлла, 25 стаг лацарх.

"Иттех-ткъех бунтхо низамашкахь хьекъале валор" зене хир дац аьлла министро, кхана-лама бахархой лецна хиларх бух болу тоьшаллаш гучудовлахь а аьлла. "Iедалхошна критика ечарех боху цо бунтхой", - аьлла Орловс.

"ХIаъ, министран багах даьллачо бакъдо, цигахь билггал дIалецна хилар", - аьлла, тIетайна Кутаев Руслан а.

Министран къамелан видеога хьаьжча ойла кхоллало, "билггал бахархой дIалецнера бохург дуй-те цо аьлларг", - боху Каляпина а.

Кхел а йоцуш, шайн нах лоьцуш белахь, церан гергарнаш полицига бовла беза аьлла, билгалдаьккхина бакъонашларъярхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG