ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Китайхь "коронавирусах" 132 стаг велла


Китайн Къоман могушалла Iалашъяран комиссин хаамашца, керла юкъаяьллачу "коронавирусан" ун даьлла 5 974 стагна, 132 ву велларг. Шеконашца дарбан хIусамашкахь толлуш ву 9 239 вахархо.

Иттаннашкахь хаабелла Европан а, Къилба Iамеркан а, Азин а мехкашкахь ун хьакхаделларш. Дуьххьара "коронавирус" хааеллачу Хубэй провинцера 17 гIала дIакъевлина Iедалхоша. 11 миллион вахархо шена чохь веха Китайра Ухань гIала лоруш ю вирус эккхаран эпицентр. "Коронавирусо" лаьцначу провинцера уьдуш бу кхечу пачхьалкхашкара бахархой. ХIинца а 50 миллион ву бухахь вуьсург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG