ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан 50 эскархо лазийна хилла гIажаройн ракеташа


Кху беттан 8-чохь Иракъерчу Iамеркан базашна тоьхначу тохаршкахь чевнаш йина 50 гергга эскархочунна. Пентагонехь дIахьедарца, буьйцурш бу коьртеш лазийнарш. Урхаллехь билгалдаккхарца, 30 сов тIемало шайн декхарш кхочушдан юхавеана дарбан цIийнера.

Дуьххьара дIакхайкхийначу терахьел а лакхара ду хIинца бечу хаамашкахь керла дийцадаьхнарш. NBC News хьостано бахарехь, хьена а, туьтана а йина чов цхьа наггахь тIахьо бен гучуйолуш яц.

Iамеркан президентан пурбанца инарла Сулеймани Касем верна дуьхьал ракеташ тоьхнера ГIажарийчоьно Iамеркан базашна тIе. Юьхьанца Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа цхьа а вийна а, лазийна а вац аьлла, дIакхайкхийра, гIажароша иттех ву бохушшехь. ТIаьхьо Пентагоно тIечIагIдира, 11 Iамеркахо лазийна аьлла, юха а 34-х ву элира чевнашца.

The Washington Post хьостан мнформацица, цхьа де хьалха хууш хиллера КIайчу цIенна ГIажарийчоь Iамеркан тIемалойн объекташна тохарш дан дагахь юй. Вашингтоно бункершчохь ловчкъий Iе аьлла, тIедиллинера эскаршна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG